✅Лаьттана хуьлу вон тlаьхьалонаш
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Лаьттана къинойх хуьлучу вочу тIаьхьалонех ду: латта такхар, мохк бегор, лаьттаца долу беркат дIадалар».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 100]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim

✅Эмгаралла дlаялар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду цара дагчуьра эмгаралла дIайоккхуш хилар... Къиношкахь сов мел волу а, дагчуьра эмгаралла дIайолу шен дегIаца а, шен чуьрачаьрца а, кхиболчу нахаца а. Дагчохь иза чIогIа гIелъяла а тарло, шегахь я нахехь долу боьха дерг боьха ца хетачу хьоле кхаччалц, ткъа кху хьоле кхаьчча-м хIаллакьхиларан неIарехула чувахана. Кху тайпачарех дукхахберш и боьха дерг боьха ца хетачу хьолехь бисина а ца Iаш, мелхо а, кхечарна и зулам а, боьха дерг а марздеш, хаздеш, цуьнга нах кхойкхуш, нах цу тIе хьоьхуш, и кхочушхилийта къахьоьгуш хуьлу, цундела ву шегахь эмгаралла йоцург АллахIан халкъах уггаре боьханиг! Ялсамане цунна хьарам а ю! Иштта ву кхечунна зулам магош а, иза марздеш верг а».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 102-105]

✅Эхь дlадалар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду цара адамера эхь дIадаккхар... Массо дикачу хIуманан бух бу иза, и дIадалар - дерриге дика дIадалар ду... Къиноша легара эхь гIелдо, дерриге дIадала а тарло, тIаккха шегахь долу боьха хьал нахана довзарх хIумма а ца хеташ, мелхо а, дукха хьолехь цара шаьш дуьйцу нахе шаьш лелош долу боьха мел дерг, цара и лелоран бахьана - цаьргара эхь дIадалар ду, ткъа лай цу хьоле кхаьчнехь, иза нисваларе кхин сатийсам а бац!».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 106]

✅Дела вазвар гIелдар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду цара ленан дагчуьра Дела вазвар гIелдар... ТIаккха кхунна дуьхьал дечу Iазапах ду - АллахIа нехан дегнаш чуьра кхуьнца болу ларам дIабаккхар, царна хIара атта хетар, кхунна Дала бохург атта ма-хеттара».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 107]

✅ Къинош бахьанехь Аллахlана лай вицвалар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду, къиноша AллахIана лай вицваре а, АллахIа и лай тесна витаре а вуьгуш хилар, шен шайтIанца ша вуьтуш хилар а, ткъа хIара уггар чIогIа хIаллакьхилар ду, иза кIелхьаравер ву аьлла сатийсам а боцуш долу. Лекха волчу АллахIа боху: «ХIай имандиллинарш! АллахIах кхералаш. ХIора а хьажа а хьожийла кханенна ша хIун кечдина. АллахIах кхералаш, баккъал а, АллахI хууш ву аша дийриг. Ма хилалаш АллахI вицвиначарех тера, тIаккха Цо шайга шаьш бицбайтина хилла болчу, уьш - фасикъ нах бу». [Сурат: Хьашр, аяташ: 18-19] Цо омра ди Шех кхерарца, Ша вицвар бахьана долуш шаьш бицбиначех ма хила аьлла нехI а ди Цо, тIаккха Цо дийци, Шех кхерар дитиначунна Iазап хилар, цуьнга ша-шен дегI дицдайтарца, и бохург - шена пайде дерг, Iазапах хьалхавоккхун дерг, даима долу дахаре ша кхачон дерг, кхоччуш йолу цуьнан марзо а, сакъерадалар а, ниIмат а шена дохьун дерг дицдойту цуьнга. И дерриге дицдойту цуьнга, цо АллахIан воккхалла а, Цунах кхерар а дицдарна бекхамна».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 108]

✅ Ниlматаш дlаэцар, lазапаш тlедар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду, къиноша ниIматаш дIаоьцуш хилар, Iазапаш тIедохьуш хилар. Ленера цхьа а ниIмат дIаоьцуш ма дац, цо дина долу къа бахьана долуш бен, я цунна цхьа а Iазап (зер) тIе ма ца дуссу, цо дина долу къа бахьана долуш бен, я (ша лелийначух) тоба дича бен цхьа а бала дIаойбуш а ма бац. Iалий ибн Абу-ТIалиба (АллахI реза хуьйла цуьнна) ма-аллара: «Цхьа а бала буссуш ма бац къа бахьана долуш бен, я цхьа а бала дIаойбуш ма бац (оцу къинах) тоба дарций бен». Лекха волчо аьлла-кх: «Шуьга кхочуш болу цхьа а бала ма бац, аша дина хIума бахьана долуш бен, дукхахдолчунна геч а до шуна». [Сурат: Шура, аят: 30] Лекха волчо аьлла: «АллахI ма вац Ша цхьана нахана делла ниIмат хуьйцуш, уьш шаьш хийцабелча бен». [Сурат: Анфал, аят: 53] Лекха волчу АллахIа дийци-кх, цхьанна делла ниIмат Ша хуьйцуш цахилар, иза ша хийцавелча бен. И хийцало-кх АллахIана Iибадат дечера, Цунна Iеса хиларе. Цунна баркалла аларера, Цуьнан хам цабаре. Иза шена реза во бахьанашкара, Иза шена оьгIазвохуьйту бахьанашка. И хийцавелча, цуьнан хьал хуьйцу, цо динчунна бекхамна, хьан Дела вац-кх лешна зулам деш!».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 113]

✅ Кхерам
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду, ЦIена волчу АллахIа Iеса лелачуьнан дагчу тосуш болу кхерам, даима а дагчохь кхерам болуш хуьлу иза. АллахIана муьтIахь хилар АллахIан уггар йоккха гIап ю, цу чу ваханарг дуьненан а, эхартан а Iазапах тешамаллехь хир волуш, ткъа цу чуьра араваьлларг (цу Далла муьтIахь хиларх) массо агIора кхерамаша дIалоцу».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 114]

✅ Ларам, сий дожор
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду, къиноша АллахIана а, нахана а хьалха йолу стеган меттиг, ларам, сий дожор. АллахIана хьалха уггар сийлахь верг - АллахIах кхерар чIогIох дерг ву, царех уггар Цунна герга верг - АллахIана муьтIахь хилар чIогIох дерг ву, лай муьтIахь хиларе хьаьжжина хуьлу АллахIана гергахь йолу цуьнан меттиг. Ткъа иза Цунна Iеса хилча, Цо бохург дитича, Цуьнан бIаьрга тIера вужу иза, тIаккха нехан даг тIера а вожаво Цо иза... АллахIа Шен лена лучу уггар даккхийчу ниIматех ду-кх - дуьненчохь нахана иза виц ца валийтар (дийна волуш массарна вевзуш, велча а виц ца валар), цуьнан сий хьалаайдар, цундела Шен пайхамарш а, элчанаш а къастийна Цо цу хIуманца... ТIаккха цу элчанашна тIаьхьабозучарна а цунах дакъа кхочу, церан тIаьхьабазаре, муьтIахь хиларе хьаьжжина, ткъа царна хилп мел ваьллачуьнгара иза дIадолу, церан хилпбовларе, церан Iесалле хьаьжжина».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 120-121]

✅ Дахаран а, рицкъанан а, Iилманан а, Iамалан а, муьтIахь хиларан а беркат дIадаккхар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду, къиноша дахаран а, рицкъанан а, Iилманан а, Iамалан а, муьтIахь хиларан а беркат дIадоккхуш хилар. Кхечу кепара аьлча, динан а, дуьненан а долу беркат дIадоккху цара, цхьа кIеззиг а беркат ца карадо АллахIана Iеса хуьлучунна шен дахарехь а, шен динехь а, шен дуьненахь а. Дуьненчуьра беркат дIадаьккхина а ма дац адамийн Iесалла бахьана долуш бен... Рицкъ а, Iамал а совъялар церан дукхаллица дустуш дац хьуна, я дукха вахар беттанаш а, шераш а алсам дахарца дустуш дац, мелхо а, рицкъ совдалар цуьнца долчу беркатца дустуш ду».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 124-125]

✅ ХIинццалц тIетесна ца хилларг
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду, АллахIа цу къинош дечу лена хIинццалц цунна тIетесна ца хилларг тIетасар. ШайтIанаш тIетосу АллахIа цунна шайн зенца, шайн тилорца, шайн васвасашца, кхерам латторца, гIайгIа латторца.
Адамех долу шайтIанаш тIетосу цунна, иза цIахь волуш а, воцуш а шайга дало зен дарца. Шен хIусамнана а, шен хьадалчаш а, шен доьзалш а, шен лулахой а, хьайбанаш цхьаьна тIетосу цунна. Цхьаболчу салафаша олуш хилла-кх: «Со АллахIана Iеса хилча, сайн хIусамненан а, сайн хьайбанан а сайца хуьлу юкъаметтигца хаьа суна».
Иштта куьйгаллехь берш а тIетосу цунна Iазап далийтарца...
Шен дегI а тIетосу цунна, тIаккха (шен дегI а) дуьхьалдолу цунна, дика дерг дан лиъча ницкъ ца кхочуш, лаахь а, ца лаахь а иза хIаллакьхиларе вуьгу (дегIо)... АллахIана лай Iеса хиларе хьаьжжина хIара белхаш тIетосу цунна, уьш цунах юхатоха цхьа а хIума ца хуьлу. ТIаккха АллахI хьехор, Цунна муьтIахь хилар, сагIа далар, кхетам боцург нисвар, дика дерг де алар, вон дерг ма де алар, иштта хIара белхаш ду иза ларвен дерш».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 131-132]

✅ Шахlадат ца далалуш валар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду, уггар шена оьшучу хенахь шен дегIо ямартло яр... ХIара-м дара, делахь а, кхузахь кхин а чIогIа кхераме, ирча, къаьхьа дерг ду-кх, иза - цуьнан даго а, цуьнан матто а цунна ямартло яр, иза валарна гергавахча, АллахIана дуьхьалкхета хан тIекхаьчча, цуьнан ницкъ ца кхочу-кх «ла илахIа иллаллахI» ала. Нахана гина-кх дукханга иза ала ца луш, валар тIедеанчу хенахь».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 132-134]

✅ Марехь йолчуьнца зина лелор
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Марехь йолчуьнца зина лелор доккхох ду марехь йоцчуьнца лелорал а...
Цу тIе нагахь цуьнан хIусамда кхуьнан лулахо велахь, тIаккха шен лулахочуьнца вон хилар, уггар а даккхийчех цунна зен дар тIекхета... Марехь йоцучу бIе зудчуьнца зина лелор гIоли ма ду, шен лулахочуьнан хIусамненаца и лелорал!
Цу тIе нагахь и лулахо кхуьнан ваша, я гергара стаг велахь, тIаккха гергарло хадош хилар а тIекхета, ткъа къа кхин а доккха хуьлу.
Цу тIе нагахь и лулахо АллахIана муьтIахь хила араваьлла хиллехь, ламазе, я Iилма Iамо, я жихIаде вахана хиллехь, къа кхин а доккха хуьлу цуьнан! АллахIан новкъахь гIазоте араваьллачуьнан хIусамненаца зина лелийнарг къемат-дийнахь схьа а валийна, цунна хьалха дIа а хIоттийна, цуьнга эр ду: «Хьайна мел луу цуьнан диканаш схьаэца». Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира: «ХIун аьлла хета шуна?». Шена луург схьаэца аьлча, цо хIумма а бухаюьтур ю аьлла хетий шуна бохург дара и. Дас шен кIантана а, накъосто шен накъостана а, доттагIчо шен доттагIчунна а шен хьакъ дуьтур доцучу дийнахь, цхьана дикане а чIогIа хьашт хиларна!
Цу тIе нагахь и зуда кхуьнан гергара хиллехь, гергарло хадош хилар а тIекхета.
Нагахь и зина лелош верг зуда ялийна а хиллехь, къа кхин а доккха хуьлу цуьнан.
Нагахь и зина лелош верг воккха стаг велахь, кхин а доккха хуьлу цуьнан къа, къемат-дийнахь АллахIа шайга къамел дийр доцуш, я хастор боцуш, шайна лазаме долу Iазап хиндолчу кхааннах цхьаъ ву иза.
Нагахь и зина дожар Дала хьарам бинчу баттахь хиллехь (уьш: ражаб, зул-къиIдахI, зул-хьижжахI, мухьаррам), я Дала хьарам бинчу махкахь хиллехь (иза Макка ю), я ламазан хенаш, доIанна жоп ло хенаш санна йолчу АллахIа язйиначу хенашкахь доьжнехь, къа кхин а чIогIа доккха хуьлу!».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 163-164]

✅ Дог цlандар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Пхи хIума дIадаьлча бен дог цIанлур дац:
- Тавхьид йохош долу ширк.
- Суннат дохош долу бидIат.
- ТIедиллинарг дуьтуьйтуш йолу дегIан марзо.
- Дела хьахорах воккхуш долу гIопал хилар.
- ЦIенна АллахIан дуьхьа хилар дохош болу дегIан лаам».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 175]

✅ Рияъ
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Рияъ - дерриге ширк ду».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 188]

✅ Куралла
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«АллахIа ялсамане хьарам йина ширк лелочарна а, куралла ечарна а, цу ялсамани чу гIур ма вац мискъала зарратал шен дагчохь куралла ерг».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 204]

✅ Бидlат чlогlох деза иблисана
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Цхьаболчу салафаша аьлла: «Иблисана бидIат чIогIох деза Iеса долчул а, хIунда аьлча Iеса долчух стага, дохковолий, тоба до (ша лелош дерг нийса доций хууш), ткъа бидIатах дохковолий тоба ца до (ша дика до моьттуш лелош долу дела)»».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 205]

✅ lеламстаг вер а, кхидолу адам дер а цхьатерра дац
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къемат-дийнахь уггар чIогIа шайна Iазап хиндерш - пайхамар вийнарг а, пайхамара вийнарг а ву. Цунна тIаьххье догIуш ду (Iазап доккха хиларехь) имам вийнарг я Iеламстаг вийнарг... Цхьатерра дац хьуна пайхамар, я нийсо еш волу имам, я нахе дика дерг де олуш волу Iеламстаг веран къа а, кхиболчу нахах муьлхха а стаг веран къа а!».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 206-211]

✅ Массарна зен дича санна
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Цхьана бусалба стагана зен динарг массо бусалба нахана зен дича санна ву хьуна».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 211]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Цхьана бусалба стагана зен динарг массо бусалба нахана зен дича санна ву хьуна».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 211]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
✅ Делан лай вер
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Шена тешам белла волу керста стаг вийначунна ялсаманин хьожа а кхетар яц, 40 шарахь некъ балла гена а цуьнан хьожа дIакхочуш йолушшехь». [Бухарий: 3166]
Ткъа хIара АллахIан мостагI вийча хиндолу Iазап ду, шена тешам белла вара аьлла, тIаккха муъмин волу Делан лай вийначуьнан Iазап муха хир ду аьлла хета хьуна?!».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 213]

✅ Муъмин стаг чувоьллина валийтар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Чу а доьллина, мацаллина а, хьогаллина а цициг далийтина йолу зуда Пайхамарна (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) жоьжахати чохь гина хилча, цу цициго шен юьхь тIе а, накхан тIе а маIарш туьйсуш, тIаккха бехк боцу муъмин стаг чувоьллина валийтиначуьнан Iазап муха хир ду аьлла хета хьуна?!».