Telegram Web Link
Хурман мутта ду хӀара, Мисрехь хилларг дика кхетар ву кху суьртах, хӀун ду а ца хаьа, мархийн баттахь ца хилча йиш йоцуш чӀогӀа дезаш мутта ду хӀара, мархийн бутт дӀабаьлча цкъа а дага а ца догӀу, ткъа хӀинца мархийн бутт бу богӀуш, мутта дац!

АллахӀа цу мархийн батте кхачадойла вай, АллахӀ реза волчу кепара и мархийн бутт кхабар а лойла, жоьжахатих цу баттахь хьалхадитинчех а дойла.
✈️Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Шайх Iабдул-Iази‌з ТIари‌фис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Марха кхаба ницкъ ца кхочуш цамгар елахь, я и кхаьбча цунна зен а деш, хало хуьлуш цамгар елахь, я и кхаьбча гIоли хилар дахлур долуш цамгар елахь, и кхаьбча валарна кхоьруш цамгар елахь-м хIетте а, оцу дерриге хьелашкахь марха ца кхаба йиш ю, цу тIехь салафашна юккъехь къовсам а бац».

[Тафси‌р вал-байа‌н, агIо: 1/231]
✈️Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Шайх Мухьаммад Хьасса‌на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«ТIебеа мархийн бутт, самукъадолийла-кх вайн!... Самукъадала хьакъ ду-кх вайна... Само елахь ас олучунна, АллахIаца доьху ас хьоьга, хIинцца хьайга аьлча, цхьа итт де я ши кIира даьлча, итт миллион доллар са ер ю хьуна, АллахIаца доьху ас хьоьга, лахахь хьайн дагчохь бакъдолу иман, хьайн тешаран марзо, ши кIира даьлча итт миллион доллар хьайна са ер ю аьлча, АллахI воцург, кхин Дела ца хиларца дуй ма буу ас, муъмин стеган самукъа ма долу мархийн бутт тIебарца, итт миллион доллар са ер ю аьлла шена кхаъ баьккхича чул а чIогIа!».
 
[Хьехам: Жа‌а рамада‌ну фал-нафрахь]
✈️Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ибн Ӏабдул-Барра (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«АллахӀа «марха Шен ду» аларца кхачам бу хьуна цу мархийн дозаллина кхидолчу Ӏибадател а».

[Фатхьул-ба́рий, агӀо: 5/220]
✈️Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
3. Мархийн бутт кхаба ният хилчхьана тоьуш дуй, хIора буса ца дича а?
Anonymous Quiz
39%
Ду
61%
Дац, хIора марха ша-ша Iамал ю, цундела хIора мархин а шен ният хила деза
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
2025/07/09 19:04:18
Back to Top
HTML Embed Code: