Telegram Web Link
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Аьтто болчо хIара агIо яржош дакъа лаца

https://www.tg-me.com/paydehettarsh
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Имам Нававис (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Бозбуунчалла лело шена Ӏамор а, иза кхечунна дӀахьехар а хьарам ду. Нагахь цу юккъехь керстаналла делахь-м и Ӏамор а, дӀахьехар а керстаналла ду».

[Шархь Муслим Нававий, агӀо: 14/155]
✈️Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Ты не знаешь свою историю!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Вай хаза хетар шуьца а декъий вай



Марша вогӀийла, Шайхана, хьо хьостан чохь хилча ша кепар мехала хуьла'кх иза

АллахӀа диканц бекхам бойла хьуна!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Сан ненера совгlат!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Шайх Iа‌дил Iазза‌зис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«ШарIо магош йолу спорт, иза жихIадна пайде мел йолу а, цу жихIадан белхах мел лоруш йолу а спорт ю, масала: каратэ, дзюдо, боьрба, бег, альпинизм, иштта дIа кхин а... Ткъа цхьаболу Iеламнаха цу спортехь ахча даккхар ца магийна, кхиболу Iеламнаха иза а магийна, нагахь санна хьо кураллина доцуш, жихIадна кийча хила ниятца лелаш велахь».
 
[Тама‌мул-миннахI, агIо: 4/64]
🚀Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Хаттар: Хьайн дIадаханчу шеран къиношна гечдан лаьий хьуна?

Жоп: Абу Къата‌дата (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, АллахIан элчане (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) Iа‌шу‌ра‌ъ дийнахь марха кхабарх лаьцна хаьттира аьлла, тIаккха цо элира: «ДIадаханчу шеран къинош дIадойу цо».
[Сахьи‌хь: Муслим: 1162]

Кхечу хьадисехь Абу Къата‌дата (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла: «Iа‌шу‌ра‌ъ дийнахь марха кхаьбначунна АллахIа гечдаре дог догIуш ву со дIадаханчу шеран къиношна».
[Сахьи‌хь: Муслим: 1162]

Ткъа оцу Iа‌шу‌ра‌ъ денца, цулла хьалхарчу дийнахь марха кхабар а суннат ду, цунна далил - Пайхамар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «...ИншаАллахI, вай юха шаренга довлахь, (Iа‌шу‌ра‌ъ дийнал хьалхара) 9-гIа де а кхобур ду вай...».
[Сахьи‌хь: Муслим: 1134]

Амма Iа‌шу‌ра‌ъ дийнал тIаьхьарчу дийнахь марха кхабарха долу хьадис даIиф ду, цундела, цу дийнахь кхабар суннат ду ца олу вай, ткъа кхобуш волчуьнга ма кхаба, бидIат ду а ца олу.

Шен мархийн баттахь дисина, тIекхаба дезаш марха долчунна а мегар ду оцу шина дийнахь марха кхаба, цуьнан ши некъ бу:

1- Шена лаахь, шен дисина марха, юха тIекхобур долуш, дита а дитина, и ши де кхобур ду.
2- Шена лаахь, шен дисина марха а, хIара суннат марха а кхаба шинне ният дина, кхобур ду. Иштта кхабахь - диснарг тIера а дер ду, суннатах ял а хир ю.

Ният «суннат марха кхаба» аьлла, дагахь хилчхьана кхачам бу, багахь хIумма а баха оьшуш дац. «Кхана марха кхобур ду ас», - аьлла дагчохь сацам хиллехь - иза ният лоруш ду.

Iа‌шу‌ра‌ъ дийнал хьалхарчу дийнахь марха кхабаза виснехь, деккъа Iа‌шу‌ра‌ъ де кхаба а мегар ду, цул тIаьхьарчу дийнахь ца кхаьбча а.
🚀Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
2025/07/04 09:13:07
Back to Top
HTML Embed Code: