Telegram Web Link
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нохчашна доӀа - Шайх Бадр Миша́рий

#Shishan

Youtube чуьра ссылка
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Вайн Шайх а, Имам а волу Iабдул-Iази́з ибн IабдуллахI ибн Ба́за (АллахӀа къинхетам бойла цунах) олуш хезира суна: «АллахIан шарIаца доцуш, кхечуьнца хьукма динарг хIокху деаннах цхьана декъана юкъавахана:

1- «Ас хьукма кхуьнца до, хIунда аьлча бусалба динан шарIал а хIара гIоли долун дела», - цо бахахь, динчуьра аравоккхуш долу доккха керстаналла ду цо динарг.

2- «Ас хьукма кхуьнца до, хӀунда аьлча бусалба динан шарI санна ду хIара а, кхуьнца а мегаш ду хьукма дан, шарIаца а мегаш ду», - цо бахахь, цо динарг динчуьра аравоккхуш долу доккха керстаналла ду.

3- «Ас хьукма кхуьнца до, амма бусалба динан шарIаца дар гIоли-м ду, делахь а, АллахIа доссийна доцчуьнца а мегаш ду хьукма дан», - цо бахахь, цо динарг динчуьра аравоккхуш долу доккха керстаналла ду.

4- «Ас хьукма кхуьнца до, АллахIа доссийначуьнца бен хьукма дан мегаш доций сайна хуушехь». «Бусалба динан шарIаца хьукма дар гIоли ду, и доцчуьнца хьукма дан мегаш а дац», - ша боххушехь могуьйту цо я шен лакхарачеран омра кхочушдархьама леладо цо иза, ткъа ишттачо динарг динчуьра ара ца воккхуш долу жима керстаналла ду, уггар даккхийчу къиношха лоруш а ду».

[Бара́хӀи́нул-жалиййахӀ, агӀо: 49-50]
✈️Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Шайх Ӏусма́н Хами́с (АллахӀа Ӏалашвойла иза) боху:

«Цхьаъ вухакхетча, шайн тайпанца вогӀуш вац аьлла йоӀ яхийтарх, ша яхийтича цунах кхин анпалш хила а тарло аьлла хеташ, хӀумма а дац-кх, уьш къеста ма де аьлла тӀедожийна дац цунна. Вайн Шайх волчу Шайх Ӏусаймине (АллахӀа къинхетам бойла цунах) цхьана вашас хаьттина дагадогӀу-кх суна, цо элира: «Мегар дуй суна зуда яло, сайн тайпанца йогӀуш а йоццушехь?». Шайхо хаьттира цуьнга, со вара цигахь, Шайхо элира: «Ахь ялийча цу гӀуллакхан тӀаьхьало муха хир ю аьлла хета хьуна?». Цо жоп делира: «Сан цхьаболу гергарчу наха гергарло хадо мега соьца, бист ца хуьлуш, царах цхьаболу жехӀалша-м тохарца тӀе куьг кховдо а мега». Шайхо олуш дагадогӀу суна: «Кхиниг лаха хьайна, ма ялае иза, кхечуьнга хьажа, хьайн тайпанца йогӀучуьнга хьажа. Айхьа-хьайна анпалш хӀунда лоьху ахь, хьайн тайпанца йогӀург ялаехьа!».

-Кху къамелах лууш дерг, и санна дерг лар ца дича цуьнан тӀаьхьалонах анпалш, гергарлонаш хедор хиларна кхоьруш велахь, шайн тайпанца йогӀург ялор ю-кх, нагахь иштта хир дац аьлла хетахь, тӀаккха шена хетарг дер... Дукхах болчу Ӏеламнаха бохучунна тӀедоьгӀча, цуьнан хьакъ ду-кх иза, шена лаахь вухакхета, шен тайпанца йогӀуш яц аьлла ца ялош (иштта кӀант шайн тайпанца вогӀуш вац аьлла йоӀ ца йохуьйтуш вухакхета а).

[Хьехам: Ма́ хӀуват-така́фуъ бин-насаб]
✈️Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Динан гӏап
Ӏадлан Харачо

Ӏадланан маьл долу белхаш чохь хира долуш гугл сайта ю хӏара
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Кху шаӀбан баттахь дерриге умматан шеран Ӏамал шена тӀееъча АллахӀана хӀун гур ду техьа? Гур ду те уммат дикачу агӀора хийцаделла, тӀаккха хӀара шо АллахӀа вайна дан а дlадаханчу шерал дика а, беркате а?! Я гур ду те АллахӀана вайн хьал вочу агӀора, кхин а телхина, тӀаккха хӀара шо даханчу шерал а вон хила: баланаш, сингаттамаш, гӀайгӀанаш, тӀемаш, зенаш даханчу шарал а алсамдовла?!

АллахӀа боху: «АллахӀа адамера хьал хуьйцуш ма вац, уьш шаьш цкъа хийцабаллалц». [Сурат: РаӀд, аят: 11]
✈️Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
2025/07/12 23:29:32
Back to Top
HTML Embed Code: