Telegram Web Link
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from BISMILLAH_HEHAM
Шайх Хьувайний дIавели

Вайн Шайхин, Шайх вара, Абу Исхьакъ аль-Хьувайний
АллахIа къинхетам бойла цуьнах

Хьайн дин лардан хьайн хиллаболчу Сийлахьчу лаамца, хьайн дин лардеш волуш, хьайн лаам кхочуш хуьлуш, АллахIан дуьхьала ваха хьо.

Кадам бо ас, Исламан уммате, умматера массо а Iаламнахе, Шайх Iадлане а.

@adlan_xaracho
@bismillah_heham
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Къегина седа къайлабели,
Сирла буьйса бодане ели.
Уммато дӀадилли тезетан кевнаш,
Лераме шайх Хьувайний кхалхарца...

Элчанан хьадисех хьайн дог Ӏабийна,
Элчанан дийцарех хьайн дог а дузийна.
Гечдеш, къинхетаме мархийн баттахь,
Ӏодика йи ахь чот йоцу дуьненан.

Элчано хьадисехь дийцина ма-хиллара,
Дин дӀадолу Ӏилма кхалхарца,
Ӏилма дӀадолу Ӏеламнах кхалхарца.

ЧӀурам богуш жим-жимма дӀаболу.
Къуьданан мехкадаьтта жим-жимма дӀадолу.
Динна эшам жим-жимма тӀебогӀу,
АллахӀа базбина Ӏеламнах кхалхарца.

Исхьакъан да, тхан шайх Хьувайний,
АллахӀа кхоьллина, Цуьнга хьо вирзина,
Дуккха а диканаш дитина тхох къаьстина,
Хьан лелачу сагӀанах оьцур бу пайда.

Рамзан А. | 18.03.2025

https://www.tg-me.com/Ramzan_Gendargno
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Дуьххьара сайн Шайх Абу Исхьакъ Хьувайнийн рузбане ваханчу хенахь.

Уггаре хаза миноташ яра рузба дӀадаьлча сайн Шайхаца дуьххьара вистхилар нисделча, эццехь хилла долу дагчуьра самукъа дешнашца дийца а лур дац!

Шайхо хоьтту: «ЦӀе хӀун ю хьан?» «Аслан» ю аьлча, Шайхо бегаш бо: «Цхьа бух хилла ца Ӏа-кх хьо», - олий.

Ӏарбийн маттахь «Асл» бух бохург ду, ткъа цу тӀе «Алиф, н» тоьхча «Аслан» хуьлу, иза - «ши бух» - бохург хуьлу.

Иштта дара-кх Шайхан гӀиллакхаш, оццул долчу адамана юкъахь дуьххьара гучуьнга а ян забар, дийца хабар долуш, муха везар вацара тӀаккха дукха?!

Кхузахь хьоьга дуьххьара айса куьг делча кхетта йолу хьан куьйга йовхо хӀинца а хаало сан дагна!

Мисрера «Кафруш-Шайх» олу гӀалахь, 29.05.2009 ш.

Youtube чуьра ссылка
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Мархийн бутт. 3

2. Терхьера хьехам - 2024 ш.
«Къуръанан бутт»


4. Терхьера хьехам - 2024 ш.
«Доьзалехь барт бохаран бахьана»


5. Терхьера хьехам - 2024 ш.
«Далла тӀе хьуо вахалуш вац хьо»


7. Терхьера хьехам - 2024 ш.
«АллахӀаца бакъхилар»


10. Терхьера хьехам - 2024 ш.
«Хьуна диканиг бен лууш вац со»


13. Терхьера хьехам - 2024 ш.
«Далла баркалле хилар»


14. Терхьера хьехам - 2024 ш.
«Куралла»


16. Терхьера хьехам - 2024 ш.
«АллахӀана эхь хета хьан доӀа юхатоха»


21. Терхьера хьехам - 2024 ш.
«Лайлатул-къадр»


22. Терхьера хьехам - 2024 ш.
«Сихо е»



1. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«ТӀекхечи беркате бутт»


2. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Шовкъе хилар»


3. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Вай адамаш дуй кхетар»


4. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Шаьш а, шайн доьзал а жоьжахатих кӀелхьарадаха»


5. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Адамех делий ма бе»


6. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Мархийн баттахь уггар коьрта Ӏалашо»


7. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Вайн хьал маца хуьйцур ду»


8. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«8-гӀа март»


9. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Зудчуьнца ша висар»


10. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Зудчух куьг кхетар»


11. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Зударий галбахар


12. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Зударийн духар»


13. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Хьукма цхьана АллахӀан бен дац»


14. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«ШайтӀанан телпо»


15. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Зударий маьждиге вахар›


16. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«ТӀаьххьарлера аьтто»


17. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Умматан тезет»


18. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Шогалла»


19. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Юх-юха кхетор»


20. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«ХӀора буьйса ларъяр»


21. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Дала бохучунна букъ ма тоха


22. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Зударийн гӀайгӀа»


23. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Дика стаг»

24. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Йишин а, вешин а дозалла»

25. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Доьзалехь барт»

26. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Хьайга омра ма-дарра нисло»


27. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«ДӀабели мархийн бутт»


28. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«Вежаралла»


30. Терхьера хьехам - 2025 ш.
«ДӀабели мархийн бутт
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Цо-м Iодика йо

Youtube чуьра ссылка
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Баккхий хийцамаш

Youtube чуьра ссылка
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
​​Мархийн бетта тIаьххьарчу дийнахь, малх чу а буьзна, маьркIажа хан хиларца чекх болу мархийн бутт. И чекх баларца суннат хуьлу, Ӏийд ламаз даллалца Дела воккхавар. Ткъа Дела воккха, муьлххачу хенахь а, муьлххачу хьолехь а вийр ву. Фарз ламазна тIаьхьара, стегарша а, зударша а, жамаIатца ламаз дича а, ша хIоьттина дича а кхочуш дийр ду хIара суннат, ша фарз ламаз дина мосазза волу Дела воккхаварца, салам ма-делла, - «астагIфируллахI, астагIфируллахI, астагIфируллахI, алла‌хIумма антас-сала‌м, ва минкас-сала‌м, таба‌ракта йа‌ залжала‌ли вал икра‌м», - аьллачул тIаьхьа, цкъа Дела воккха а вина, тIаккха шен кхидIа тасбихь дийр ду. ХIоккхул аьлла хIоттийна барам боцуш, мелла а воккхавийр ву цу деношкахь Дела.
Ткъа Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) кху кепара вора Дела воккха аьлла деъна цхьа а куц дац, амма цуьнан асхьабашкара деъна ду, царах муьлхха а лело мегар ду, уьш:

-Салма‌н Фа‌рисис (АллахI реза хуьйла цунна) олуш хилларг:
«АллахIу акбар, АллахIу акбар, АллахIу акбару каби‌ран».
[БайхIакъий, агIо: 3/316]

-Ибн МасIу‌да (АллахI реза хуьйла цунна) олуш хилларг:
«АллахIу акбар, АллахIу акбар, ла илахIа иллаллахIу валлахIу акбар, АллахIу акбар, ва лилла‌хIил-хьамд».
[Ибн Аби ШайбахI: 5633]

-Ибн Iабба‌са (АллахI реза хуьйла цунна) олуш хилларг:
«АллахIу акбару каби‌ран, АллахIу акбару каби‌ран, АллахIу акбару ва ажаллу, АллахIу акбар, ва лилла‌хIил-хьамд».
[Ибн Аби ШайбахI: 5646
]
✈️Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
2025/07/07 11:53:26
Back to Top
HTML Embed Code: