Telegram Web Link
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
📢Зул-къиIдахI беттан тIаьххьарчу дийнахь, малх чу а буьзна, маьркIажа хан хиларца болало Зул-хьижжахI бутт.

И болабаларца суннат хуьлу, гIурбана урс хьокху дийнал тIаьхьа догIу кхоалгIа дийнан маркIажа хан хиллалц, Дела воккхавар.

Ткъа Зул-хьижжахI бутт болабелчхьа дуьйна, муьлххачу хенахь а, муьлххачу хьолехь а вийр ву Дела воккха.

Амма Iарафат дийнахь Iуьйра ламаз диначул тIаьхьа дIадолало хIора фарз ламазна тIаьхьара Дела воккхавар, ткъа хьаж деш волчунна гIурбана урс хьокху дийнахь делкъа ламаз дича бен ца долало. Стегарша а, зударша а, жамаIатца ламаз дича а, ша хIоьттина дича кхочуш дийр ду хIара суннат, ша фарз ламаз дина мосазза волу Дела воккхаварца, салам ма-делла, - «астагIфируллахI, астагIфируллахI, астагIфируллахI, алла‌хIумма антас-сала‌м, ва минкас-сала‌м, таба‌ракта йа‌ залжала‌ли вал-икра‌м», - аьллачул тIаьхьа, цкъа Дела воккха а вина, тIаккха шен кхидIа тасбихь дийр ду.

ХIоккхул аьлла хIоттийна барам боцуш, мелла а воккхавийр ву цу деношкахь Дела.

Ткъа Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) кху кепара вора оцу деношкахь Дела воккха аьлла деъна цхьа а куц дац, амма цуьнан асхьабашкара деъна ду, царах муьлхха а лело мегар ду, уьш:

-Салма‌н Фа‌рисис (АллахI реза хуьйла цунна) олуш хилларг:

«АллахIу акбар, АллахIу акбар, АллахIу акбару каби‌ран».

[Сунанул-кубра, БайхӀакъий: 6282]

-Ибн МасIу‌да (АллахI реза хуьйла цунна) олуш хилларг:

«АллахIу акбар, АллахIу акбар, АллахӀу акбар, ла илахIа иллаллахIу валлахIу акбар, АллахIу акбар, ва лилла‌хIил-хьамд».

[Мусаннаф, ибн Аби ШайбахI: 5633]

-Ибн Iабба‌са (АллахI реза хуьйла цунна) олуш хилларг:

«АллахIу акбару каби‌ран, АллахIу акбару каби‌ран, АллахIу акбару ва ажаллу, АллахIу акбар, ва лилла‌хIил-хьамд».

[Мусаннаф, ибн Аби ШайбахI: 5646]

-Иштта кхин а ду ибн Iабба‌са (АллахI реза хуьйла цунна) олуш хилларг:

«АллахIу акбару, АллахIу акбару, АллахIу акбару, ва лилла‌хIил-хьамду, АллахIу акбару ва ажаллу, АллахӀу акбар Ӏала ма хӀадана».

[Сунанул-кубра, БайхӀакъий: 6280]
✈️Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Кху шарахь ца доь ас гӀурба

Youtube чуьра ссылка
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
🟠​​Ибн Iабба‌са (АллахI реза хуьйла цушинна) дийцина, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла: «Цхьана а тайпа денош ма дац, шайна чохь йина Iамал АллахIана дукхох езаш, хIокху итт дийнахь йиначу Iамалел». Асхьабаша хаьттира: «ХIай АллахIан Элча, АллахIан новкъахь деш долу жихIад а дац?». Элчано жоп делира: «АллахIан новкъахь деш долу жихIад а дац, шен даьхница ша араваьлла стаг воцург, цунах цхьа а хIума духа ца деъна волу».
Сахьи‌хь: Буха‌рий: 969. Иштта кху дешнашца Абу Да‌ву‌да дийцина хӀара, 2438-гIа лоьмарца, Алба‌нис сахьи‌хь а дина «Ирва‌ул-гIали‌л» жайнахь, агIо: 4/110

◾️Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) цу хьадисехь вайна билгалдина кху итт дийнахь йиначу Iамалел а АллахIана дукхох езаш Iамал ян а яц, цхьа Iамал йоцург аьлла, иза муьлха Iамал ю аьлча, шен даьхница а, шен дегIаца а гIазоте ара а ваьлла, ша цигахь дIа а кхелхина, шен даьхни а цигахь харж йина дIадахийтар, иштта йина йолу и цхьа Iамал ю АллахIана кху итт дийнахь йиначу Iамалел а дукхох езаш, оццул деза ду кху итт денчохь шега ялуччул муьлха а дикачу Iамалехь совволуш къахьегар.

ТIаккха кху итт дийнахь ян мегар йолчу Iамалех коьрта Iамалш

1️⃣- Марха кхабар, шен ницкъ кхочучу барамехь, амма дукха кхаба ницкъ ца кхачахь, шега кхабалуччул кхобур ду, цхьа марха бен ца кхабалахь а. Марха кхабар уггар дикачу Iамалех цхьаъ йолун дела. Цхьана дийнан мархано жоьжахатенах бусалба генавоккхуш хиларна кхузткъе итт шарна.
Делахь а, марха исс дийнахь бен кхобуш дац, иссалгIа де Iарафат де ду иза уггар деза дерг а ду, и иссалгIа де а кхобур дац хьаж дан вахана Хьаж-цIахь волчо, цунна бархI кхаба бен мегар дац, амма итталгIа де - иза гIурбана урс хьокху де ду, цу дийнахь марха кхабар хьарам ду, и де цхьаммо кхобур дац.

2️⃣- Къуръан дешар, шен ницкъ кхочучу барамехь, дийнахь цхьа жуз дешна а.

3️⃣- АллахI дукха хьехор, муьлххачу кепара, масала: «АллахIу акбар» бахар, «субхьа‌наллахI» бахар,  «алхьамдулиллахI» бахар, «ла‌ ила‌хIа иллаллахI» бахар, «астагIфируллахIи ва ату‌бу илайхIи» бахар, «ла‌ хьавла ва ла‌ къуввата илла‌ биллахI» бахар, «субхьа‌наллахIи вабихьамдихIи» бахар, иштта кхин муьлхха а кепара АллахI хьехор.

4️⃣- Iуьйранна а, суьйранна а доьшуш долу азкараш дешар.

5️⃣- ДIавуьжуш а, самаваьлча а доьшуш долу азкараш дешар.

6️⃣- Стегарша пхиэ ламаз маьждигехь жамаIатца дар, маьждиге вахаза виснехь шен чохь дина а жамаIатца дар, иштта зудчо шен чохь жамаIатца ламаз дар.

7️⃣- Фарз ламазашца хоттаделла долу суннат ламазаш дар.

8️⃣- ТахIажжуд ламаз дар, дIавижале дина а.

9️⃣- Духьа ламаз дар, ши ракаIат дина а.

1️⃣0️⃣- Иштта кхийолу ерриг дика Iамалш совъяхар, масала: доIанаш дар, сагIина хIума ялар, дена-нанна дика хилар, гергарлонаш лелор, диканиг де алар, вониг ма де алар, и доцург кхин а и саннарш.

⚫️Ткъа вай ягарйина и Iамалш бусалба стеган шен дахарехь даима а хила езаш Iамалш ю, делахь а, кху итт дийнахь къаьсттина чIогIа ларор ю.
✈️Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Хьарам ду, маIар, чо хадор

Youtube чуьра ссылка
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Имам Тирмизис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Iеламнаха суннат лору Iийдане гIаш вахар, марха достучу дийнахь Iийдане ваха аравалале цхьаъ кхаллар а».

[Сунан Тирзмизий, агIо: 202]
✈️Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Жижиган мехаца эцар гӀурбанна юьш ерг

Youtube чуьра ссылка
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Шайх Ӏалий Махьфу́за (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Вочу Ӏадатех ду - хьехаме ладогӀа наха ледарло яр. Дукхах болу нах го-кх хьуна, маьждиг чуьра арабовлуш, Ӏийда-ламаз дина имам воллушехь, я цхьаболчара берриге хьехаме ца дугӀу ла и дерриге а суннат дитар ду, хьехаме ладогӀарх букъ тохар а ду!».

[Ибда́Ӏ фи́ мада́ррил-ибтида́Ӏ, агӀо: 242]
✈️Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
АллахӀ стигал тӀе вуссу де

Youtube чуьра ссылка
2025/07/01 03:30:51
Back to Top
HTML Embed Code: