Шайх Iабдул-Iази́з ТIари́фис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:
«АллахIа Ша цхьаъве бохучух хоттий деца-ненаца дика хила бохург».
[Тафси́р вал-байа́н, агIо: 2/836]
🚀 Ӏадлан Харачо

Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Шайх Iабдул-Iази́з ТIари́фис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:
«Баккъал а хилла долу боьха дерг а нахана юккъехь даржор хьарам ду. Масала, нахана юккъехь доьжна долу цхьа боьха дерг дийцар, оцу нехан цIерш йохуш яцахь а, иза баккъал доьжна делахь а, мегар дац! ШарIано боьха дерг даржа ма де аьлла дихкина дац вайна иза харцо ю аьлла, мелхо, вайна и боьха дерг даржор дихкина хьарам долчунна, боьха долчунна нехан дегнаш кIад ца далийтархьама. ХIунда аьлча боьха дерг даржаро нахана иза хаздо, дай а до».
[Тафси́р вал-байа́н, агIо: 4/1830]

This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
«Даима оха нахаца юкъаметтиг лелочу хенахь шога Iиттарш лов.
Цкъа со вара сайн юьртахь маьждиг чохь хьехам беш, ас элира ламазе баьхкинчу вежаршка, стага ша хьалагIоттуш, я охьахууш, я ша цхьаьнгара гIо лохуш, АллахIера гIо лаха деза.
Бакъволу Дела воцчуьнгара гIо лаха мегар дац, хIунда аьлча дерриге хIума Цуьнан керахь ду!
Ас цаьрга элира, стага ша хьалагIоттуш, «ва РифаIий!», «ва Жунайд!», «ва Жиланий!», «ва сан эла Iабдул-Къадир Жиланий!», «ва, масала, ТIантIехь гIараваьлла волу шайх!» алар нийса дац аьлла, «ва АллахIан Элча!» аьлла кхайкха а мегаш ма дац, хIунда аьлча АллахIан Элчано бохун дела: «Ахь доьхучу хенахь, АллахIе деха. Ахь гIо лохучу хенахь, АллахIера гIо лаха».
ТIаккха ламазехь хиллачарах цхьаболучара даржийра хьенех ваххабит ваьлла аьлла.
Ас элира цаьрга хIара къамел:
«Ахь доьхучу хенахь, АллахIе деха. Ахь гIо лохучу хенахь, АллахIера гIо лаха», - АллахIан Элчанан къамел дац ткъа?
Аша хIунда олу хьенех ваххабит ваьлла?
Иштта хIара къамел дар нийса дац.
Ткъа цундела нахана юккъехь нийсачу бух тIе доьгIна доцуш Iеламнах бехкебар даьржа».
---
-Вайн махкахь къобал а веш, шен жайнаш хьоьхуш а, доьшуш а волу Шайх ВахIбат Ибн МустIафа Зухьайлий (АллахIа къинхетам бойла цунах) ву хIара, АшӀарин Ӏакъидатехь а ву. Амма АллахI воцчуьнга деха мегар дац боху, АллахI воцчуьнга деха мегар дац бохург вахабит ву ца боху!
🚀 Ӏадлан Харачо
Youtube чуьра ссылка

«АллахIа хьарам дина боьха дерг нахана юккъехь даржор, и даржош волчунна Iазап хир ду аьлла билгал а дина, сихха я цхьа хан яьлча. ХIунда аьлча и боьха дерг нахе и дийцарца, царна деза далийтарца, царна хаздарца и даржор - къайлаха и боьха дерг деш волчул а доккхох къа латош ву. И боьха дерг даржоро цхьаболчу нахана бохам бо, и боьха дерг цаьргара долуьйту, тIаккха и даржош волчунна царах хIораннан цIарах къа хуьлу, и боьха дерг диначунна ша дарна цхьа къа бен ца хуьлу».

Forwarded from ИСЛАМАНСЕРЛО
АЬРЗУНАН ДИЙЦАР
Kхузахь масална дало лаьа, ша чIагIлучу хенахь Советан Iедало хьийзочу наха ларйинчу яхьах а, доьналлах а лаьцна.
Хала зама яра. Пхьоьханахь дийца ца мега хIума шина стаг цхьаьнакхеттачохь а дийца мегаш дацара. Цхьа Iедале дIахьора. ХIайт-аьлла доьнaллa долу стаг a lедална новкъа вара. Адамаша, шайн гамонаш нисъеш, вовшашна меттанаш дeттара.
Иштта, цхьана хьенеxан топ ю, аьлла, мотт тоьхнера Цани-Ювртарчу Аьрзуна. Iедална кара ца ваха, и хьуьнах лечкъинера. Тlaьхьалелаш ГПУ яра. Кара ца воьдуш, дикка лийлира иза. Эххар а, Iедало шен тайпанан нах, зударий, бераш хьийзо долийча, караваха сацам хилира цуынан. Ша каравахарна чIогIа дуьхьал волу ваша, Куьйра, цхьацца хIума эца базара а вахийтина, тIевахара Аьрзу.
Милицин хьаькам волчу а вaхана, салам а делла, охьахиира иза. Милицехь ша цхьаъ висина хьаькам цец а велира, кхера а велира, герзах воттина стаг тIехIoыттича. Ша аш лоьхуш волу Цани-Юьртара обарг Аьрзу ву, элира кхо. Важа воьхна хьалайккхира.
Сихха меттавалийра и Аьрзус. Дерриге ама-дарра дийцира, шена бина харц мотт, Iедалх кхоьруш ша ведда лелар, хIинца, шен лаамехь герз охьа а дуьллуш, тIеваран хьокъехь а. Цo билгалдира, ша цхьа а тайпа зенаш дина ца хилар а, цхьаьннен а нана елхийна ца хилар а.
- Аш бехк боцу дукха адамаш хьийзадо, - ма-дарра бохура Аьрзус, - цхьацца агIор цIераша кхоьллина, наха меттанаша диттина, арабевлла лела и декъаза нах. Шайн хьанала лаьттaца къахьегар бен, цара дина вониг дац махкана. Со а тIевогIур вара, суо хаза тIекхайкхинeхьара, вен а ца гIерташ. XIума теллича дика дара. Со лаца уьш баьхкича, со цIахь ца нисвалар-м бу сан берриг а бехк.
Ша дийна а волуш, со кара воyьйтур волуш вацара сан ваша, Куьйра. И ле а вина, базара а хьажийна, веана ву со. Суна ца оьшу изa дaкъазвалар. Ма хIаллакьхуьлуш ду-кх вайн къам, адамаш!
- Суна хьо вуьйцу хезнера, - къамеле велира милицин хьаькам. - Хьо вуьззина къонах волу дела, хьоьга цхьаьнга дуьйцу ас, дуьйцу сайна хетарг. ХIара Iедал Iеламнах хIаллакбина а, лелалуш болу а, кхетамехь болу а нах дIасакхийсина а, дакъазабаьхна а даьлла хьуна. XIинца могаша, андий а, майра а болу нах бу дIалахьош. Kхарна ца беза вайна юкъахь доьнaллa долу а, йоза-дешар дика хуу а нах. Kхара лоьхург бакъо яц. Ша Іовдал ву а моьттуьйтуш, стаг дIатаьIна Iен зама ю хIара.
Харцонца нохчо лаьцна я хIаллаквина аьлла, салтичунна я эпсарна деш хIумма а дац, мидал ялар доцург. Вайн дукха къонахий бу хьуна лецна. Тахана цхьаъ лечура ваккхавалар а стагана доккха доьналла оьшуш хIума ду хьуна.
Сан дехар ду хьоьга, Iедалца, бакъонна тIехь аьлла, къовса а велла, хIаллак ца хилар.
Милицин оцу хьаькамо бегIийла кехаташа хIиттийна, халлак ца войтуш, хан тоьхна Сибарех дIахьажийра Аьрзу. Ша камера чохь волчу хьалхарчу буса дукха ойланаш йира Аьрзус: «Ванах, лелало а, хьекъале а адамаш хIунда ца деза-те хокху Iедална? — бохуш.
Джамалдаев М - Со Нохчо ву, агIо: 4-5.

ИСЛАМАНСЕРЛО
АЬРЗУНАН ДИЙЦАР Kхузахь масална дало лаьа, ша чIагIлучу хенахь Советан Iедало хьийзочу наха ларйинчу яхьах а, доьналлах а лаьцна. Хала зама яра. Пхьоьханахь дийца ца мега хIума шина стаг цхьаьнакхеттачохь а дийца мегаш дацара. Цхьа Iедале дIахьора. ХIайт…
Керла хӀумма а дац ⬆️
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Хаттар: Шайх, шовзткъа шарахь даӀват деш кӀад ца велла хьо?
Жоп: ВаллахӀи ца велла-кх! ВаллахӀи, даӀватан некъ сан самукъа ма ду!
Шайх Ра́тиб На́балу́сис (АллахI Iалашвойла иза)
[Видео: Лима́за́ лам тат-Ӏаб ва анта таси́ру мин арбаӀи́на санахӀ]