Telegram Web Link
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Рузба тӀехь ду дера мичча вахча а, цӀахь волу Дела волуш ма ву Москва вахча а! Ткъа кхузарчарна тӀаьхьахӀоьттина дан мегар дац бохучаьрга ахь ладегӀахь тӀаьхьахӀотта мегаш стаг ван а вац, уьш шаьш цу рузбане баха, я ламазе баха карх долуш боцу дела иштта шайна атталлина бахьанаш ду цара лоьхурш, цаьрга ла а ца доьгӀуш хьайн рузба де, Дала хьоьга хоттур дац хьан имам мила ву рузбанехь, Дала хьоьга хоттур дерг - ахь рузба дирий, аьлла, хир ду.
Рузбни вах карх ца даьлч олш хум ду и, циг ма г1о оли🤣
Forwarded from ал'-асар
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
АЛЛАХlА, ШЕН лай нийсачу новкъа ваккха лиъча, цуьнан дагчу Къуран дезар дуьллу. Къуран дезар - массо а диканийн догlа ду, муьтlахь хиларе а, суьпалле а кхочаш некъ бу и. Стагана шен деган кlоргенехь хаалуш делахь, ша шен ДЕЛАН къамелана сагатдеш вуйла, паччахьийн Паччахь волучу, хьалхарчеран а, тlаьххьарчеран а ДЕЛА волучуьнан къамеле ладоха ша хьаьган вуйла, боккъала а, и АЛЛАХlАН новкъа ваьлла хьуна
Forwarded from Dagadoitsh
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Тяжелые кадры с Палестины сегодня
Зул-Хьижжат беттан итт дийнан дозалла
Ахьмад Хьамза
Зул-Хьижжат беттан итт дийнан дозалла

Ахьмад Хьамза (АллахIа къинхетам бойла цунах).
Такх шег баххалц ца 1аш да дезкх дези?
Къайладохурдоцу седарчий

ДагадогӀий хьуна, жималлехь мел кӀеззиг долчу хӀуманна а даго мел сема жоп лора? Ма доккха хетара шадерг, ма тамашийна хетара. Екхна стигал санна, дара вайн дегнаш. Цу стиглахь гора хӀора а хиламан седа. Шадолу седарчий къайладевлча а, дикачуьнга къеггина схьахьожий сатийсаман малх хуьлура. Ма сирла дара вайн дегнаш, доттагӀ! МаӀа йолчу, йоцчу чхьаьвриго а латабора кийрахь самукъане чиркх. Мичахь ду-те хӀинца и тохарлера синош? Мархашна юккъе яхана, бодане йирзина стигал санна, цхьана а седано ца къагадо-кх вайн дегнаш. Цхьана а хиламна хӀинца хӀунда ца хуьлу-техьа, хьалха санна са сема? Сингаттамо садукъийна, гӀелдина вай.

Хьой, сой лелла тогӀенаш, аренаш дагайогӀий хьуна? Цигахь цхьанхьа лелаш хир ю-кх хӀинца а вайн бералла. Берзинчу когашца айхьа хьоьшуш шийла бай хаалой хьуна цкъацкъа, набарха санна? Ӏуьйренан тхинан тӀадамашлахь масийтта бос эцна маьлхан зӀаьнарш гой хьуна гӀенах? Хьуо дагатосий хьуна, гӀодаюккъе кхаччалц болчу байлахь, куьйгаш дӀай-схьай а дахийтина, цхьанхьа, гена-геналле воьдуш? Цхьа йоккха гӀайгӀа а йоцуш, делахь а денна жималлин екхначу стиглара дӀадовш долчу седарчаша дог Ӏийжадой хьан? Муьлхачу дешнашца, муьлхачу узамца балхор бара а ца хууш, сийсаш, хьегIаш лаьтта-кх цхьа тамашийна сингаттам…
Маржда яI-кх, зама юхаерзо а, жималла юхаяло а ницкъ бац-кх. Ас цхьа аре йийций хьоьга, жималла дӀаяьлча, ахь доггах таллаза йисина йолу? Цу аренан исбаьхьалла хьайн сине кхаччалц, сатуьйсур ду-кх ахь дӀадевллачаьрга. Исламан динан йистйоцу геналла ю хьуна и. ТӀехволуш, биэн а доцуш схьа а ца ийзош, цкъа йоккха схьаеллахьа неӀ цу керлачу дуьнене.
Цецволуш, хьо юха а бералле кхаьчна а хоьтуьйтуш, керланаш девзар ду хьуна. ХӀокху дуьненахь ша санна адам хилла а, хин а доцчу Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьйла цунна), нанас шен беранна букъберзор болчу, хӀора стаг «Ва сан са! Ва сан са!» – бохуш хинволчу дийнахь: «Ва сан Дела! Сан уммат, сан уммат!» – бохуш, дагахь хинверг ма ву хьо. – Ас сагатдо сайн вежаршна… Со ганза а волуш, суна тӀаьхьахӀиттинчу», – бохуш, Цо сагатдинарг ма ву хьо. Цуьнан асхьабаш Абубакра, Ӏумара, Ӏусмана, Ӏелас (Дела реза хуьйла царна) хьан паргӀатонах шайн дахар, синош дӀаделларг ма ву хьо.

«Со кхоьллина ву Ислам-дин хьалаайба», – бохуш, ворхӀ шо долчу беро къамел динчу тобанах ма ву хьо. Ша велча, Сийлахьа-Воккхачу АллахӀан Ӏарш тохаделлачу СаӀад ибн МуӀазах масалла эцадезачарех ма ву хьо. Ахь цхьа дика дича, итт дика дича санна, хьуна ял хир ю аьллачарех ма ву хьо. «Тахана чекхдаьккхина Ас шуна шун дин‚ кхочушдина шуна Сайн ниIмат. Резахилла Со Ислам шуна дин хиларца», – аьллачу нахана юккъехь АллахӀа, Шен Дикаллица нисвинарг ма ву хьо.

Кхачахьа, доттагӀ, цкъа цу тӀурнене, йалийтахьа иза хьайн даг чу, тӀаккха хьан сингаттам, бала, сатийсам, гӀайгӀа – шадерг серладоккхуш, хьовсур ду хьан дахарехь керла, цкъа а дӀадовр доцу, цхьана а мархано къайладохур доцу седарчий…
ДагадогӀий хьуна, жималлехь мел кӀеззигчу хӀуманна а даго мел сема жоп лора?
ГӀой вайша дегнаш самадохучу Исламан хӀордана йисте, Дела резавеш, Ӏаббалц ирсах бузо кийра?..

Ицлаева Лариса.
Ма хаз яздинакх цо и
Хьо ларво

ХӀораннан а бу-кх шен сатийсам… ТӀаккха, иза кхочуш ца хилча, ма хуьлийла хьо дог эшна, ма сихлойла хьо холчахӏотта, ма лоцийла хьо сингаттамо. Баккъалла а, хаьа-кх АллахӀана хьан сатийсамел а гӀоли хӀун ду. Боккъалла а, луш ву-кх АллахӀ хьуна цул а гӀолиниг. Баккъалла а, хьо кхана бен кхетар воцчух тахана ларво-кх АллахӀа хьо…

Ицлаева Лариса.
И дешнаш гин хир ду шун. Но автор и юй ца хаар сун 🫶🏻
Forwarded from MOMSAR
Ибн Касира а, Ибн Раджаба дийцина цхьана Шайхера, цуьнан цӀе Ӏафúфуддийн Йусуф ибн аль-Баккъал яр, дика стаг, хьарамчух ларлуш, марзонах гена ваьлла стаг вар иза, цо элира:
Со Мисрахь (Египет) а волуш суна хезира Багӏдадехь татараш алсам адамаш дойъуш лелийначух лаьцна, сан даге чӀогӀа ла ца делира иза. Аса элира:
- ХӀай сан Дела! Муха хили те иза царна юкъахь бераш а, цхьа бехк боцурш а ма бара?!

Цул тӀаьхьа гӀан гира суна, цхьа стаг вара, цуьнан буйнахь цхьа кехат дара, и кехат аса схьаийцира, цу тӀехь хӀара байташ хиллера суна инкарло еш язъйина:

دع الاعـتراض فما الأمـر لك
ولا الحكم في حركات الفلك
Дуьхьала вийлар дита, хьан керахь хӀумма а дац
Йа стиглахь седарчий лелийтар а
ولا تـــسـأل الله عـن فــعله
فـمن خـاض لجة بحر هلك
Ма хетта АллахӀе цо динчух лаьцна
ХӀорда юккъе ваьлларг хӀаллакьхилла
إلــيه تــصير أمــور الــعباد
دع الاعــتراض فـما أجـهلك
Цуьнга доьрзуш ду лайшан дериг гӀуллакхаш
Дита дуьхьала вийлар, ма ца кхеташ ву хьо!
Довзаза дуьсу адамаш

ХӀораннан дахарехь хуьлу маьлхан зӀаьнарш санна долу адамаш. Цхьаболчарна, шаболу малх шайна тӀехьаьжча санна, шортта дуьхьалдеттало уьш, вукхарна – бӀешарахь цкъа. Мухха делахь а, цара хуьйцу дахар, дог-ойла.


…ТӀаккха, хан-зама мел йолу а, довзар кӀорге мел долу а, жим-жимма гӀала эга йолало. Иза ца эга арахьара мостагӀ вогӀий, иза йожайо чуьра схьа. Ахь цхьацца тӀулг буьллуш, халла кхоьллина хьан гӀала… йохайо, йожайо, ягайо. Хьан деган дозанна тӀехь Хьайбах йо цунах, кхин цкъа а и хиллачу меттехь латта денлур дуй-техьа, аьлла, хоьтуьйтуш. КӀеззиг а, деха а бахьанаш дийца ца оьшу. Уьш хӀораннан а шен хуьлу. ХӀораммо а шен агӀор туьду уьш.
Хьо хьоьжу гӀала хиллачу метте, девзаш хиллачу адаме. Хьо кхета: хьан дахарехь адамех зӀаьнарш еш верг хьо хьуо хиларх, малхо санна, ахь уьш къагош хиларх хьайн ойланехь. Уьш шаьш хилларш буьсу. Хийцалуш ерг, дӀайовш ерг хьан оцу адамана латийна хилла йолу зӀаьнар ю. Хьан кийрара маьлхан зӀаьнар…
…Ткъа девзаш хилла адамаш… довзаза дуьсу яханчу заманахь…

Ицлаева.
Дисинарг дукха дац дахар,
Вовшашка вай бехкаш даххал,
Девнаш дан, дебаян гӀайгӀа,
Я вуьшта эрна хан яйа.
Доца ду, доца ду дахар,
«Кхуьур ву кхана» ца баххал,
Хьуо дика вуьйцуьйтуш нахе,
ЦӀе йита, тӀаьхьешна яха.
Делахь а деха ду дахар
Галвала, хьо дохковаха,
ЮьхьӀаьржа хӀотта, къа летта,
Я виса, охьа а кхетта…
Деха ду хьо дохковаха,
Дика дан-м доца ду дахар.

Цуруев
От ученика Ибн Аббаса - Хасана ал-Басри сообщается:

Лукман говорил сыну:
«О сынок мой, не кушай чрезмерно досыта, ибо большое (потребление) еды порождает болезнь».

См. «ал-Джу’» (книга о голоде) Ибн Аби Дуньи, предание № 310.
2024/06/09 16:40:52
Back to Top
HTML Embed Code: