Цхьаболу нах, лайлатул-къадр буьйса цхьана сахьтехь я буьйсан кхозлагIа декъахь ю олий кхета, ткъа иза гIалат ду, нийса дац.

Лайлатул-къадр буьйса малх чубуьзча дуьйна Iуьйра хан хиллалца ю. Сийлахьчу АллахIа аьлла: «И маршо лаьтта садаржалца». Сурат «Ал-Къадр», 5 аят.
 «Рамадан беттан тIаьхьара итте буьйса денйинарг, лайлатул-къадр буьйсане кхочур ву». Шайх Iабдул Iазиз Ибн Баз МажмуI фатáвá, 15/430.
Къийсаваларехь болу бохам

Лайлатул-къадр буьйса маца ю хаийта араваьлла хилла АллахIан элча (саллаллахIу IалайхIи васаллам), тIаккха къийсалуш цхьа ши стаг а гина йицъелла цунна иза маца хуьлу.

Масне дика а, беркат а дIаоьцу вайна юкъара, вайна хаа а ца хууш, къийсадалар а, дегнаш чохь хьагI-гамо а хилар бахьана долуш.

Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Рамадан беттан чаккхенга кхьачна хьо, соввала диканашкахь!
«Лайлатул-къадр буьйсанна а, (мархийн беттан) тIаьххьарлерачу итт буьйсанна а йича уггаре еза, дика йолу Iамалш — ламазаш дар, Къуръан дешар, доIанаш дар ю. Ткъа уггаре гIолехь, деза дерг — и кхо Iамал цхьаьна яр ду, Къуръан а доьшуш дехха ламазаш деш, иштта, сужудехь дехха доIанаш а деш».

Шайх ат-ТIарийфий
«Мархийн беттан тIаьхьарчу итте а дийнахь иIтикáф дан ницкъ ца кхочучо, шалза буьйсанашкахь иIтикаф дойла. Шалза буьйсанашкахь а ницкъ ца кхочучо, ткъе вархIалгIа буьйсанна иIтикаф дойла. Цу буьйсанна а ка ца даьллачо, цхьана сахьтана дина а иIтикаф дойла. ЙаIлá Ибн Умаййа бохуш волчу асхьаба, буьйсанан цхьана хан чохь дой а иIтикаф деш хилла».

Шайх ат-ТIарийфий

*ИIтикáф – дуьненах дIа а хаьдна, маьждиг чохь Iибадат деш хан яхьар ду.
*Шалза – Нечётный.
Маликаш шена доIа дечарах а, гечдар, къинхетам боьхучарах а ву:

1. Нахана диканиг Iамориг а.
2. Хьалхарчу могIанехь ламаз дийриг а.
3. Цомгуш волчунна тIехIотта воьдург а.
4. Марха лаца Iуьйкъе йийриг а.
Йа Аллах1! Тхо кху баттахь жоьжахатах хьалха битинчу Хьайн лешха де Ахь тхо. Тха дайшна-наношна гечде Ахь, Фирдовса ялсаманахь цхьана а тоха Ахь тхо. Г1аззехь болу тхан бусалба вежаршна толам ло Ахь, Хьайн а, бусалбанин а мостаг1и болу жуьгти а, церан г1оьнчи а х1аллак бе Ахь, бусалба нехан б1аьрг белош шайна чу дерза де Ахь церан зулам.
«Мархан Iийдан кхоъ суннат ду: Iийд ламазе гIаш вахар, Iийд ламазе аравалале хIума кхаллар, лийчар».

СаIийд Ибн ал-Мусаййиб - Ирвáул-гIалийл, 3/104.
Лараме бусалба вежарий, йижарий!
Даггара декъалдо шу хIокху дезачу Iийдан денца! АллахIа къобулдойла шун марханаш, кхин йолу дика Iамалаш.

تقبل الله منا ومنكم صالح الأعمال.
Forwarded from ИСЛАМАНСЕРЛО
Рамадан бутт дIа ма-баьлла кхаьбча дика долу суннат марханаш ялх ду. Рамаданал тIаьхьа богIучу шаввал баттахь кхобуш ду уьш.

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Рамадан баттахь а, шаввал беттан ялх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь марха кхаьбна». Ибн Хьиббан

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Рамадан баттахь марханаш а кхаьбна, тIаккха цул тIаьхьа шаввал беттан ялх дийнахь марха кхабар - дерриге дахарехь марханаш кхабар санна ду». Муслим.

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Рамадан баттахь а, шаввал беттан ялх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь марха кхаьбна. Цхьа дика хIума динчунна иза совдоккхур ду итт дика дича санна». Ибн Ма́джахI

И ялх де шаввал бутт болабелча а, юккъе баьлча а, чекхбалале а, муьлхха деношкахь кхаба мегаш ду, делахь а марханаш даьстинчул тIаьхьа дукха хан юкъа а ца йолуьйтуш кхаьбча дика ду.

Кхин а, и ялх де тIаьхьий-хьалхий кхаьбча мелехь а ду, дика а ду, ткъа шена иштта кхаба ца луучо юккъе денош а долуьйтуш кхаба а мегаш ду, масала цхьана дийнахь марха кхобуш, тIаккха масех дийнахь ца кхобуш, тIаккха юха а кхобуш, иштта кхидIа а.
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

" أَلَآ إِنَّ لِلَّهِ مَا فِي ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضِۖ قَدۡ يَعۡلَمُ مَآ أَنتُمۡ عَلَيۡهِ وَيَوۡمَ يُرۡجَعُونَ إِلَيۡهِ فَيُنَبِّئُهُم بِمَا عَمِلُواْۗ وَٱللَّهُ بِكُلِّ شَيۡءٍ عَلِيمُۢ ".

«Боккъал а, АллахIан ду стигланашкахь а, лаьттахь а мел дерг. Цунна шун хьелаш а хууш ду. Ткъа уьш Цуьнга дIаберзийначу дийнахь, Цо царна дуьйцур ду цара лелийнарг. АллахI массо а хIума хууш ву».

Сурат ан-Нур, 64 аят.
Куц-кепана ца вешаш Iиттарш яр
«Хьайн кIантана ахь Мухьаммад цIе тиллар коьрта Iалашо яц хьуна, коьрта дерг - ахь иза Мухьаммадан гIиллакхаш тIехь кхетош-кхиор ду хьуна (ﷺ)».

Шайх Ахьмад Iиса ал-МаIсаравий
«ПIераскан дийнахь уггаре еза Iамал - Пайхамарна (ﷺ) салаваташ дахкар ю. ХIунда аьлча, пIераскан де - уггаре дика де долун дела а, Мухьаммад Пайхамар - уггаре веза пайхамар волун дела а».

Шайх ат-ТIарийфий

•┈┈┈••✵☁️✵••┈┈┈•
АллóхIумма солли ва саллим Iалá набиййинá Мухьаммад.
Forwarded from Пайданаш
قال عمر بن الخطاب رضي الله عنه
أعقل الناس أعذرهم للناس.

ХаттIабан кIанта Iумара (Аллах1 реза хуьлда цунна) аьлла: «Нахалахь уггаре хьекъал долуш верг, нахана бехказло луш верг ву».


https://www.tg-me.com/paydnash
2024/04/27 06:57:55
Back to Top
HTML Embed Code: