Telegram Web Link
Ирс
Аллахl хьехавар
«Къе волуш ялйира ас хьо,
Аллахlа хьо ялийча хьал долуш вир со»..
Audio
🕌 Рузбан хьехам - 20.08.2025
🔉 Телпонан зенаш
Forwarded from Дарсаш LIVE
👆👆👆👆👆     👆👆👆👆👆


📺Цхьаьна вовшахкхетарехь жайна чекхдоккхуш дарс!


🔵 «Мовлид бутт» олий вайна юкъахь бевзуш бутт хиларна тӏебеънарг, тховсалера буьйса а Пайхамар (саллаллахӏу ӏалайхӏи ва саллам) дуьнен чу ваьлла буьйса аьлла евза буьйса а хиларна, цунах дерг довзуьйтуш яздина Шайх Доктар ӏабдур-Рахьман ӏабдул-Мажид Жумуӏахӏ «Мавридур-равиййу фи хьукмил-ихьтифали бил-мовлидин-набавий» цӀе йолу жайна доьшур ду вай, ткъа дарсе ла а доьгӀна, экзаменехь чекхваьллачунна ижазат хир ю.

     😌😉😛😌😉😌   😌😚😌😉😌


🔴Ӏарбийн маттахь жайна дӀадоьшуш, вайн маттахь маьӀна деш хир ду дарс.

🔴Кху юкъахь дакъалаца йиш ю мутIелим волчуьнан а, воцчуьнан а, воккхачуьнан а, жимачуьнан а, стеган а, зудчуьнан а - массеран цхьатерра.


                    😚😉😉😌😉😝


Ижазат яккха дан дезарг:

👆 Дерриге жайне эфирехь, я чудиллинчу озе ладогӀа деза.

👆 Экзаменехь 50 сов балл яккха еза.

Дерриге жайне эфирехь, я чудиллиначу озе ладоьгӀначуьнан бен экзамен яла бакъо яц.

          🖊🖊🖊🖊🖊🖊   🖊🖊🖊

🕓 ЦIера хенаца 00:00 даьлча хир ду дарс.

🔔 Жайна дIадолор ду: 04.09.2025

Дарс кху хьостан чохь хир ду⬇️
🚀Дарсаш LIVE
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Хlора гlайгlанехь волчуьнга аша ала – гlайгlане ма хила, сумукъа а герга ду, Аллахl вайца ву.

Хlора шегахь бала болчуьнга аша ала – гlайгlане ма хила, халонна тlаьхьа атто ю, гlайгlа хийцалуш ю, Аллахl вайца ву.

Дlа ала массо а бусулбачу адме, шега зиэр кхаьчна, собаре чекх валарца сийлалле кхочура ву, Аллахlаца ойла дика хиларо синпаргlато кхачора ю, сингаттам лагl а луш дог дела хlуттура ду, и дерриг Аллахlера ду, Цуьнгара дерг дерриг дика а ду.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Хьо цхьанна ден гуш вацахь а, Аллахӏан гуш хиллар дага даитлахь!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Хьо lуьйранна самаваьлча Далла хастам бан дага догlий хьуна цкъа а?

••••••••••••••••••••••••••••••••••••••

Набарха самаваьлча деш долу доlа:

  اَلْحَمْـدُ للهِ الَّذِي أَحْـيَانَا بَعْـدَ مَا أَمَاتَـنَا وَإِلَيْهِ النُّـشُور

Альхьамду лиллáхlил-лазú ахьйáнá баlда мá амáтанá ва илайхlин-нушýр.

Хастам бу Аллахlана, деллачул тlаьхьа вай дендина волчу, Цуьнга доьрзур долуш а ду вай.
Элчане صلى الله عليه وسلم хаьттнера 1ашуроъ дийнахь марха кхабарх лаьцна, Цо элира : « д1адаханчу шеран къиношна гечдо (цу динахь марха кхаьбча)»
Зер – АллахIан (ﷻ) суннат ду
ӏадлан Харачо
...суннат ду


🕌 Рузбанан хьехам

26.09.2025
Forwarded from lадлан Харачо
Палестине новкъа яьлла флот тахана ӏуьйран дӏакхача езаш ю, доӏанаш де, Палестинан дикачу кхааца дӏакхачийта али!
🚀Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from ИСЛАМАНСЕРЛО
БисмиЛлахI

Цхьаболчарна евзуш хир ю хIара канал, делахь каналаш чохь дIаса тосуш гуш яц, цундела шайн аьтто ма-ббу дIаса яржае вай дикачу веши Абу IабдуллахIан канал.

https://www.tg-me.com/payde10
Жоьжхате
АллахӀан дукх деза хьо хазар
Мало
بسم الله الرحمن الرحيم

Аллахlан Элчано ﷺ аьлла:
"БАККЪАЛЛА А АЛЛАХl ХЬОЬЖАШ ВАЦ ШУНА, ШУН ДЕГlМИЙН КУЬЦАШКА А, ЙА ШУН БАХАМАШКА А, БАКЪ ДОЛУШ АЛЛАХl ХЬОЬЖАШ ВУ ШУНА, ШУН ДЕГАНАШ ЧУ А, ШУН lАМАЛШКА А"

(Муслим 6708)

Элчан ﷺ къамело тlенис во:

1 - Аллахlа адам хаза ду йа товш ду аьлла декъал деш дац, йа товш дац, эрча ду аьлла дакъаз доккхуш дац, дегlан куьцах доьзна хир дац терза, кхана догlун долчу къeмат дийнахь.

2 - Аллахlа адам цуьнан даге хьаьжжина а, цуьнан lамалшка хьаьжжин дийр ду декъал, бохург хуьла-кх иза, кхана догlун долчу къeмат дийнахь.

3 - Уггаре коьрта хlума кху дуьнен чохь, нийса кхетамца иман чу дилларца дог то дар хилар гойта-кх цо.

4 - Шолагlа коьрта дерг, хlора а дикачу lамалшца нис вала везаш хилар гойта-кх цо, вуочу lамалшх дlа а къаьстина.

Ма боккха сингаттам букха тlаккха, тахан Аллахlа шеха къинхетам бинарг воцург, шен куц-кепа бен кхи бала боцуш дlа хlоьттан хилча.
🌼 (Понедельник) дийнахь а, Еарий(Четверг) дийнахь а марха кхабаран дозалла 🌼

Iаишата (رضي الله عنها) дуьйцу: «Делан Элча(ﷺ) вара Оршот дийнахь а, Еарий дийнахь а марха лардеш».
(И дийцина Тирмизис а, Насаис а)

Усама бин Зайдас(رضي الله عنه) дуьйцу: «Делан Элча(ﷺ) вара Оршот дийнахь а, Еарий дийнахь а марха лардеш, цуьнга цуьнах лаьцна хаьттича, цо элира: «lамалш Аллахlана тlе хьала хьуш ю Оршот дийнахь а, Еарий дийнахь а.»
(И дийцина Абу Давуда).

Делан Элчано(ﷺ) аьлла: «Цу шин дийнахь lамалш Аллахlана тlе хьала хьуш ю, ткъа Суна дукха деза сайн lамалш сан марха а долуш хьала яхьар.»
(И дийцина Насаис).

Делан Элчано(ﷺ) аьлла: «Делан некъахь цхьа марха кхаьбнарг, Аллахl Дала жоьжагlатенах гена воккхура ву иза, баьlа шарахь некъ балла йолчу юкъал(расстояние)».
(Ас-Силсилату ас-сахьихьату)
2025/10/21 20:27:21
Back to Top
HTML Embed Code: