Telegram Web Link
بسم الله الرحمن الرحيم

Аллахlан Элчано ﷺ аьлла:
"БАККЪАЛЛА А АЛЛАХl ХЬОЬЖАШ ВАЦ ШУНА, ШУН ДЕГlМИЙН КУЬЦАШКА А, ЙА ШУН БАХАМАШКА А, БАКЪ ДОЛУШ АЛЛАХl ХЬОЬЖАШ ВУ ШУНА, ШУН ДЕГАНАШ ЧУ А, ШУН lАМАЛШКА А"

(Муслим 6708)

Элчан ﷺ къамело тlенис во:

1 - Аллахlа адам хаза ду йа товш ду аьлла декъал деш дац, йа товш дац, эрча ду аьлла дакъаз доккхуш дац, дегlан куьцах доьзна хир дац терза, кхана догlун долчу къeмат дийнахь.

2 - Аллахlа адам цуьнан даге хьаьжжина а, цуьнан lамалшка хьаьжжин дийр ду декъал, бохург хуьла-кх иза, кхана догlун долчу къeмат дийнахь.

3 - Уггаре коьрта хlума кху дуьнен чохь, нийса кхетамца иман чу дилларца дог то дар хилар гойта-кх цо.

4 - Шолагlа коьрта дерг, хlора а дикачу lамалшца нис вала везаш хилар гойта-кх цо, вуочу lамалшх дlа а къаьстина.

Ма боккха сингаттам букха тlаккха, тахан Аллахlа шеха къинхетам бинарг воцург, шен куц-кепа бен кхи бала боцуш дlа хlоьттан хилча.
🌼 (Понедельник) дийнахь а, Еарий(Четверг) дийнахь а марха кхабаран дозалла 🌼

Iаишата (رضي الله عنها) дуьйцу: «Делан Элча(ﷺ) вара Оршот дийнахь а, Еарий дийнахь а марха лардеш».
(И дийцина Тирмизис а, Насаис а)

Усама бин Зайдас(رضي الله عنه) дуьйцу: «Делан Элча(ﷺ) вара Оршот дийнахь а, Еарий дийнахь а марха лардеш, цуьнга цуьнах лаьцна хаьттича, цо элира: «lамалш Аллахlана тlе хьала хьуш ю Оршот дийнахь а, Еарий дийнахь а.»
(И дийцина Абу Давуда).

Делан Элчано(ﷺ) аьлла: «Цу шин дийнахь lамалш Аллахlана тlе хьала хьуш ю, ткъа Суна дукха деза сайн lамалш сан марха а долуш хьала яхьар.»
(И дийцина Насаис).

Делан Элчано(ﷺ) аьлла: «Делан некъахь цхьа марха кхаьбнарг, Аллахl Дала жоьжагlатенах гена воккхура ву иза, баьlа шарахь некъ балла йолчу юкъал(расстояние)».
(Ас-Силсилату ас-сахьихьату)
2025/10/23 17:47:12
Back to Top
HTML Embed Code: