Telegram Web Link
Маьждигехь бу къонахий ,
Маьждигац Бала болуш берша бу къонахий,
Маьждигиц дог хотта делларг ву къонах.

Дала къуръан чохь къонахий иштта хьахийна
Делера йиъ чlагlо йу шуна:

Хlорш лардарна тlехь сутара хилалаш
Хьан ирс Аллах1аца бен ма хотталахь!
Суфьан ас-Саврий
Сурат: ан-Нисаъ,79 аят
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Дикачу нехан 1адат
1уьйра ламазан сам ца валар
«Набарх а вуьйлуш вешина яздина байтанца дешнаш»

ХӀора цӀеран маьӀна ду талла, Ислам-динехь сийлахьа ши бух бу тоьлла.
Къуръан а, суннат а цхьана дашца аьлча, карор ду хьуна Аслан а, Ӏадлан а.

Вижар а, гӀаттар а чомахьа доцуш, беркате гуламехь вовшахдетташ, къомана сагатдеш, диканиг дуьйцуш.

Дерриге шен дахар хьажийна Далла, ца лоьхуш, ца туьйжуш дуьненан рицкъане.

БидӀат охӀлане нийсоне кхойкхуш.
Къуръанна а, суннатна тӀедерза бохуш.

Дин даржош, мохь бетташ, цул сов и цӀандеш, дез-дезарг хӀоранна томана ца дуьйцуш, лом хилла лаьтта харцонна дуьхьал.

Луу-луург хӀоранна ца дуьйцу бохуш, дегӀана лаамашна тӀаьхьа ца возу бохуш, жахӀлалло хьо бехке ву боху.

Харц тобанах ву бохуш, цӀерш хьуна тахкарх, сийлалла йожор яц чагӀалкхийн аьзнаша.

Сан ваша, хьо шек ма вала, хир барий терзанан ши кад, нийсонца къовсалуш харцо ца хилча?!

ЧагӀалкхаш лоьмана ма-еттара, дукха хилча харцоно етта нийсонна ка.

Ткъа мила ву алийша соьга Къуръан, суннат тӀехь тола?!

Вешина, Харачо Ӏадланна гӀо доккхуш, харцо къаръеш эшийна дӀайоккхуш, олург тӀелоцуш, кийча ву латта!

Накъостий харжа кхетам сайн баларна хастам бо Далла.

Рамзан А. | 18.02.2025

https://www.tg-me.com/Ramzan_Gendargno
2025/10/25 07:48:23
Back to Top
HTML Embed Code: