Forwarded from ИСЛАМАНСЕРЛО
Шайх Мукъбил ал-ВадIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Дуьххьара сайна тIехь къоьжа чо гучабаьлча, сайн маж схьа а лаьцна ас элира: ХIай Мукъбил! Ислам динан хIун гIо дина ахь?!» - аьлла.
Наса́ихьу ва́лиди, 28-29.
Наса́ихьу ва́лиди, 28-29.
Йа АллахӀ, тхо хазде Ахь, иманан хазаллица! Йа АллахӀ, нисделла а долуш, кхинаш нисбечарех де Ахь тхо!
[Сунанул-кубра]
[Сунанул-кубра]
Forwarded from Враги Иблиса
1846-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Кочахь жайна лело мегий?
Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Ца мега, цу чохь яздинарг хӀун ду хууш делахь а, цу чохь яздина дика мел дерг бен дацахь а, цу чохь яздина Къуръанан аяташ бен дацахь а, ца мега иза кочахь лело, хӀунда аьлча, иштта вочух ларван аьлла кочахь хӀума лелор ширк ду аьлла Пайхамара, цу тӀехь яздинарг хӀун ду хууш делахь ширк дац ца аьлла, я цу тӀехь яздина дика хӀума делахь, я аяташ делахь ширк дац ца аьлла, мелхо а, вочух ларван аьлла кочахь мел лелош ерг ширк ду аьлла.
https://www.tg-me.com/Vragi_iblisa

Forwarded from Беркате догӏа
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Стремись обрести жену с благочестием - и обретешь ты истинное благоденствие.
Forwarded from Пайда
Муьлхха дика хӀума кхочуш дар къаьсттина цхьана стагах доьзна дац, мелхо нагахь ахь иза кхочуш ца дахь, кхечо дийра ду иза
{аят}: "Нагахь шу дӀадерзахь Цо (АллахӀа) кхечу нахах хуьйцар ду шу, ткъа уьш шух тера а хира бац"
Цундела хьайга цхьа дика хӀума дар кховдийча сихо е иза кхочуш дан, тӀаьхьа а ма тетта.
Я АллахӀ (дика белхаш кхочуш дарехь) леладе де ахь тхо, хийца ма хийца ахь тхо (кхечаьрца).
Шайх Халид ДжухӀаний
(АллахӀа Ӏалашвойла иза).

Forwarded from Къонахийн лар
Къонахчун некъ - къаьхьа безам бу.
Хьанал сий - даккха атта дац.
Кхета со - хало лан хала ду.
Делахь а, стаг хила веза стаг!
Мохьмад Мамакаев
Хьанал сий - даккха атта дац.
Кхета со - хало лан хала ду.
Делахь а, стаг хила веза стаг!
Мохьмад Мамакаев
Forwarded from Враги Иблиса
1545-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Дог чӀагӀделла хилча хӀун дан деза, и дендалийта? Хьалха санна паргӀато яц, дог лозуш хуьлу, доӀа хьалха санна ца дало, доггаха дохко ца валало, цунна дарба ала, хӀун баха деза сан дог дендалийта?
Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Цунна дарба - Дела дукха хьехор бен дац, къиноша даг тӀе лаьцна мекхалла ю иза, ткъа иза яшош дерг Дела хьехор ду, мичча хенахь, вогӀуш-воьдуш, чохь-арахь, хьайн бага мукъа йолчу хенахь даима Дела хьехаве, деша хаахь Къуръан деша хӀора дийнахь.

1149-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Дина долу гӀийбаташна дохко а ваьлла, кхидӀа цунах ларвала хӀун дича гӀоли хир дара? ДоӀа дан а дуй цунах ларвалархьама деш? Билгалдийр дарий ахь цунах дерг?
Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Дина долу гӀийбатах даггара дохко а ваьлла, АллахӀе шена гечдар дехна, цул тӀаьхьа ша и гӀийбат дина волу стаг нахана юккъехь дикачу агӀора вийцар.
Ткъа кхидӀа гӀийбатах ларвала кхин хала хӀума а дац, айхьа еш йолу Ӏамал юй айхьа дӀалуш ерг дагадаийтичхьана, къахьоьгуш, дог дагӀахь, ца дагӀахь Ӏамал еш, цунах хуьлуш йолу ял къемат-дийнахь цу айхьа гӀийбат диначунна еш юй, цунна дӀаяла езаш юй дагадаийтар, вуьштта аьлча, гӀийбат хьайна ца везачунна деш ма дай ахь даима, и ма вай ахь вуьйцуш верг вочу агӀора, ткъа муьлха хьекъалца догӀуш хила деза, хьайна ца дезаш долчу адамана хьайн Ӏамалш дӀаялар?! Цундела олуш хилла салафех цхьамма:
«Ша гӀийбат деш хилча, шен дений-нанний дийр дара ша, хӀунда аьлча шен Ӏамал дӀаяла уггар хьакъ дерг и шиъ ду-кх!».
Амма кхин къаьсттина доӀа дац цунна, айхьа хьуо цунах ларвар АллахӀе дехар бен.

Forwarded from Заватуль худур
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
🎙 lадлан Харачо حفظه الله
❌Аллахlац накъост лоцуш дина захало. Нускална кампет кхаллор.
https://www.tg-me.com/zavatulhudur

Iакъидат - иза ког юхабоккхуш долу хlума дац!
https://www.tg-me.com/zavatulhudur
Forwarded from Враги Иблиса
Стага зуда куьг лаьцна араяккхар
189-гӀа Хаттар: Ассаламу lалайкум.
Вайна юккъехь лелаш ду, зуда схьаяло тlаьхьа баханчара куьг лаьцна боьрша стага и зуда араяккхар. Ойла йича, вайн гlиллакхашца дуьстича, (динах дерг ца хьехийча а) догlуш ца хета суна и. Хьалха чIогIа ларлуш ма хилла нехан зудчух хьакхаваларх. Ишта, и lадат гlазкхийн «выкуп невесты» бохуш долчух тера хета суна. Дуй те и керла вайна чудеана lадат, вайн динца а, я вайн гlиллакхашца а догlуш доцуш?
Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Шеко яц ахь ойла нийса йина хилар тlехь! Ловзаргахь хелхаволуш ца хууш йоlах куьг кхетча а ловзарг сацадой, тухий стаг вуьш lадаташ хилла долу, зуда куьг лаьцна схьаялор, я ядор вайн lадаташха доций дукха дика билгалдолу. Делахь керста ву вайна тlехь лаьтташ даиманна, цара вайна жим-жима и шайн хlуманаш юккъе дохку, уьш долочу хенахь шайна бохкабелла лелаш болчу нахе леладойту, цара и шайгара лелош долуш санна леладойту, тlаккха жим-жима иштта даржадо, тlаккха цу юкъанна хьалакхуьуш долу чкъоран иза гуш хьалакхуьу, ткъа царна баккхий хилча цхьа а хlума ца хета и леладар, вайн lадат долуш санна, галдаьлла цхьа а хlума доцуш санна дlалеладо, ткъа ахь и ма леладе аьлча хьо харц хеташ, хlун хилла бохуш хьоьца къийса а ло. Масала, хlинца керла юкъадогlуш долчуьнга вай хьаьвсича, кхин воккха вацахь а дагадогlу суна, со жима волуш каш тlе зезаг диллар, Нохчийчохь и санна дерг цхьана адамо дийр ду аьлла коьрта чохь сурт хlотталур дацара, цу сохьта и динарш гlазкхи ву, керста ву аьлла дlавоккхур вара нохчичо. Ткъа тахана стаг зезагаш а эцна кошан тIе вахар 18-20 шаре бевллачу кегийрхошна муха хета, цара хIун до хьажа. Цхьа а доьхна хIумма а ца хета. Реза ца хилар царал жимма баккхийчара гойту. Ткъа кхин цхьа 20 шо ма даьллехь дийна Нохчийчоь хир ю хьуна тезета зезагаш эцна лелаш, цу тlехь шеко а яц, нагахь хьал иштта дlадодахь! Вайл тlаьхьа тlекхуьучаьрга ма дахка и зезагаш алахь цара тхан ворхlе дас лелийна ду, нохчийн lадат, гlиллакх ду, хьо вахабист ву эр ду! Цу хlумане кlорге ца хьожуш волу цхьа дешна стаг схьавеъна цо эр ду цхьа а lадат, гlиллакх оьшуш дац, вайн lадаташ-гlиллакхаш динца догlуш дац! Динца догlуш ду вайн lадаташ, гlиллакхаш дерриш ала мегар долуш, вайн дерш, вайн юккъе даьхкинарш ас лакхахь ма-дийццара!
Изза ду хьуна зуда ялош тахана лелош дерг а, загс яр нускал улле хlоттийна куьг таlош, дийнна махкана гойтуш шиэ цхьаьна дlахlоьттина лаьтташ! Стаг волу стаг цкъа а лаьттар вац иштта! Я иштта дерг лелор а дац! Нохчийн lадатехь маца хилла иштта дерг!? Нохчийн lадатехь шина-кхаа денна стаг лечкъана лела ша зуда ялийча бехке воьдий. Зудчунна улле хlоьттина, нийсса ма-дарра гlазкхийн lадатехь загс еш, юха куьг таlош хlуманаш вайн гlиллакхаш ду!? Дац дера-кх! Вайн массарна хаьа доций, я цу тlехь къовсам бац цхьана дена, делахь цхьа 20 шо даьлча хьайга цунна тоьшалла дáлой хьажал хьо и нохчийн гlиллакх дац, и вайн ворхlе дайша лелийна дац алий! Нагахь хьал иштта дlа додахь! Хаза нехан санна хlаллакдеш ду вайн къам, тlехула политикаш лелош, къам талхош ду! И дерриге хlуманаш вай хlаллакдархьама, вайн дин, lадат, гlиллакх дохорхьама леладойтуш дуй, къаьсттина цу тlехь болх беш, ойла еш, и белхаш кечдеш леладойтуш дуй хуур ду хьуна и тайпа хlуманаш лелош берш муьлш бу хьаьжча! Цхьана хlуманна юккъехь воцуш, шен гlийла вехаш волу стаг гур вац хьуна каш тlе зезагаш эцна воьдуш, я зуда ялош загсе воьдуш! И белхаш лелош берш билгала бу вайн массарна! Ткъа цара-м цкъа а эра ма даций хlара тхоьга леладе аьлла Кремлера тхуна омра деана, шайгара долуш санна къомана юккъехь бевзачу наха дlалеладо, тlаккха цхьа зама дlаяьлча нахана юккъехь даржа а даьржий бисначу наха а леладо-кх! Хlинца цхьажимма хан ялийта ахь, тезета зезагаш ца дохьуш веъча эхь долуш, зезагаш доцуш кешнашка ваха мегар дац бохуш молланаш хьехам беш, загси вахан куьг ца таlийча зуда дола йолуш яц бохуш хьехамаш беш дlахlуттур ду хьуна хьал! Иштта талхош ду вайн къам, делахь и гуш, цунна сагатдеш, цу тlехь болх беш нах кlезиг карбо-кх, цо гlайгlа кхин а совйоккху!

ДӀа мел олуш долчу дашна тӀекхийзалур вац хьуна, сийсаза волу стаг бен, шен ницкъаца нах буйна боьхкина Ӏаш волу, шена Ӏоттар яр и санна волчо къобал ца до, хӀунда аьлча цунна хаьа дела ша сийсаза вуй, шена гондахьа болчарна а ша сийсаза вуй хаьий шена хаьа дела, цхьамма шена Ӏоттар йича, цу Ӏоттаро цунна дагайоуьйту шен сийсазалла, тӀаккха карзахвуьйлу иза. Сийсаза волу стаг, гондахьа болчу нахана а хаьа и сийсаза вуй, амма къаьсттина шайна цуьнгара болуш болу пайданна тӀаьхьахӀиттина хуьлу уьш, цуьнгара болуш болу пайда дӀахаьдначул тӀаьхьа царна и оьшур а вац хьуна. Узуш болу етт санна ву иза царна гергахь, шура луш мел бу и етт лелор бу цара, ларбеш, нахе чеха а ца бойтуш, нахе вон дош ца олуьйтуш, амма цу аьттан шура дӀахаьдначул тӀаьхьа бораха болчу мехах бухкур бу цара и етт. Иштта ду церан масал.
Ахьмад Абу Яхья
Ахьмад Абу Яхья
Forwarded from Хьехам
Forwarded from Враги Иблиса
1863-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Ӏуьйра-ламаз динчул тӀаьхьа дӀавижа мегий я ца вижар гӀоли ду?
Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
ДӀавижа мега, ца вижар гӀоли хила а хӀума дац, нагахь цхьа боло безаш болх белахь, иза Ӏуьйренца болор бу беркат хилийта, я духьа хан хиллалц Дела хьехош Ӏа гӀертахь иштта Ӏийр ву, Ӏилма Ӏамош волчуьнан дийнахь дӀавижар бохург хила а ца деза, вуьштта ша даьккхича Ӏуьйра-ламаз дича дӀавижа ца мега аьлла хӀума дац.