Telegram Web Link
Audio
15.Синошна дарба.

●Дакъа: Нахаца охьахийшаран зенаш .

- Нах маса тайпана бу?

●Дакъа: Нахаца охьахийшаран коьрта сакхташ.

- Къайле йийцар.

- ГIебат дар.



https://www.tg-me.com/vaynmajlis

Цакхеташ дерг хатта:

@Vaynmajlis_bot


#Синошна_дарба
«Доьналла» боху дош гӀийбат дечехь чӀогӀа догӀуш хета суна. ХӀунда аьлча, доьналла долчу стага гӀийбат атта ца до. ГӀийбат деш верг ледара, гӀийла, сонта, дукхахдолчу хьолехь амал гӀийла йолу стаг ву. Доьналла долу стаг нах буьйцуш, гӀийбаташ деш башха ца хуьлу. Цуьнан иман кӀезиг делахь а. ХӀунда аьлча, шен амалца нах бийца эхь хета цунна.

Синошна дарба
Forwarded from Хьекъале Дош
ХӀай Къуръан дагахь Ӏамадан волавелларг, айхьа хьарам долчуьнга дӏа-схьа хьежош болу бӀаьргашца Ӏамош ву хьо Къуръан? Айхьа гӀийбат дечара хӀинца а ца сацийна болу хьайн маттаца Ӏамош ву хьо Къуръан? И шиъ а, кхин йолу хьан меженаш а барт хаттаре кхайкхор хилар, ахьа ша Ӏама дан Ӏалашо лаьцна долчу Къуръан чохь хьахийна дац? Царна иштта дóла ца деш, уьш хецна йитар хьарам деш, АллахӀан омра ахьа Ӏама дан Ӏалашо лаьцна долчу Къуръан чохь дац? Ткъа оцу Делан омранна муьтӀахь волуш Ӏамош дуй ахьа и Къуръан? Кхачор вуй хьо Дала цу дарже? Иштта ларлуш бен хир дуй деккъа АллахӀан доьхьа бен доцу цӀена нигат? Оцу Къуръанца нисдан хьажа хьо хьайн дахар, АллахӀаца бакълийначарех хир ву хьо!

https://www.tg-me.com/Dosh_tv
Нахах кхоьруш волчо бен шен хӀусамах тӀеман гӀап йийр ма яц! Нахана дика деш волчунна, цу нахах дӀакъаста лекха пенош ма ца оьшу. Нахаца нийсо еш волчунна шена гондахьа бӀенашкахь хехой ма ца оьшу. Амма зуламхошна оьшу лекха пенош, бӀенашкахь хехой. Зуламхошна оьшу шайн хӀусамех тӀеман гӀепаш яр. Делахь а, хьал даима цхьана кепара латтар - цкъаллиг-цкъа хир доцург ду. Абул-Бакъоъ ар-Рандис ма-аллара:

«Муьлхха а хӀума кхочушхилла даьллачул тӀаьхьа эша долалуш ду хьуна, цундела адам дикачу дахарах Ӏеха ма лойла, и белхаш суна ма-гарра хийцалуш ду хьуна, цхьана замано гӀадвигнарг, дуккха а заманаша сингаттаме вуьгур ма ву. ХӀара дуьненан хӀусам цхьа а бух вуьтуш яц хьуна я цхьана хьолехь лаьтташ цуьнан цхьа а болх бац хьуна.

[Хьехам: Ямартхой. Ахьмад Абу Яхья]
Цкъа ямарт хилларг эзарзза ямарт хир ву. Шен мохк боьхкина волу ямартхо мостагӀ араволучу хена цу мостагӀчуьнца махках волуш ву. ХӀунда аьлча ша боьхкина болчу махкахь вуьсийла дац цуьнан. Ахь муьлхха а хӀума йоьхкинехь, и хӀума хьан долара йолуш ю. Я цу махкахь и висахь, ша дина долчу зуламна дуьхьала бекхам цуьнга кхочуш бу.

[Хьехам: Ямартхой. Ахьмад Абу Яхья]
Forwarded from БАКЪДЕРГ
дош ларде


www.tg-me.com/baqderg
Муьлхха а тӀевеана волу зуламе паччахь, къаьсттина и зуламе паччахь арара чувеана велахь, боьха мел болу болх шена бохкабелла болчу ямартхошна тӀебуьллу цо. Цул сов, цхьайолчу хена цу ямартхоша шайн къомана зулам тӀех сов дича, цара дина долу цхьадолу зулам дӀа а айдо цо, цу ямартхошний, къоманний юккъехь нийсо йо цо. Ша нийсо еш верг хуьлий, ша Ӏедале верг хуьлий доллу зулам цу ямартхошка - бохкабелла болчу нахе дойту цо.

Ямартхой, Ахьмад Абу Яхья
2025/10/26 14:37:27
Back to Top
HTML Embed Code: