Forwarded from Imanan marzo
Аллахlан Элчано (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла:
«Диканиг гайтинчунна и (дика хlума) динчунна санна ял хир ю». [Муслим]
МостагӀий даима къаьмнаш Ӏехалур долу байракхаш ойий гучубовлу. Цара ойуш йолчу байракхех, цара еш йолчу чӀагӀонех Ӏехало АллахӀан дош ца девзуш болу нах:
«Цу керста наха муъмин стеган хьокъехь лар ма ца до гергарло а я барт а».
Иштта цара еш йолчу чӀагӀонех Ӏехало тарих ца евзуш болу нах.
«Еша аша тарих, тарихехь масалш ду шуна, тарих ца евзуш долу къам тиладелла шуна, Ӏехаделла шуна».
Мохк схьабаккха чувогӀуш волу муьлхха а мостагӀ къоме мохь бетташ чувогӀу, зуламах шу кӀелхьарадаха даьхкина ду тхо, шуна тӀера зулам, хало дӀаайа даьхкина ду тхо бохуш. Ткъа и къам лардан, мостагӀашна дуьхьало ян арабевлла болчу къонахашна ирча мел йолу цӀе кхуллу цара, къаьмнаш Ӏехорхьама, къаьмнаш шаьш лардан арабевлла болчу къонахех къасторхьама. ТӀаккха къам лардан арабевлла болчу къонахашца шаьш йист яьккхина бевлча, къам буйна доьллина шаьш бевлча мостагӀаша шайн бакъйолу юьхь гучуйоккху. ТӀаккха мостагӀаша кӀомсарш гучуйоху. Шаьш буйна доьллина долчу къомах лайш бан буьйлало уьш. Шаьш буйна боьллина болу махкарчу бахамех шайн мохк кхио, шайн мохк, пачхьалкх чӀагӀъян буьйлало уьш. Иштта мостагӀий массо заманахь къам шен къонахех къасто гӀерташ хуьлу. Массо тӀеман майданахь муьлхха а цу мостагӀашна дуьхьало ян тарлуш йолчу майдане дӀахӀоьттина волу къонахчунна, шен къоман сий лардеш мостагӀчуьнга и ца дайийтархьама, шен къоман маршо ларъеш мостагӀчуьнга и ца ехкийтархьама, шен къоман кхетам ларбеш, мостагӀчуьнга и тила ца байтархьама, мостагӀчо харц мел йолу, ирча мел йолу цӀе тӀекхуллу цунна, хӀунда аьлча мостагӀчунна къам шена хьалха дакъа лийчош волчунна хьалха дакъа санна хуьлийла лаьа, шена луучу агӀора и керчош, шена луучу агӀора цуьнгара пайда оьцуш.
И къам самадаккха гӀерташ верг, и къам когахӀотто гӀерташ верг, цу къомана чу са дало гӀерташ верг иза ца веза цунна, иза къобал ца во цо. Шен боллу ницкъ цунна дуьхьалбоккху цо, и эрчавоккхуш, и бехвеш, и къомана генавоккхуш. Тарихо иштта юьйцу мостагӀийн мекарло.
МостагӀийн мекарло, Ахьмад Абу Яхья

Хьан бала мел хала белахь а, хьуна хаалахь, иза хьуна язбина бара, дӀабер болуш, цунах хьуна мела а хуьлуш!
Маршонан кехат
Маршонан кехат
Forwarded from БАКЪДЕРГ
Audio
16.Синошна дарба.
●Дакъа: Дика Iамалш сихха кхочуш йе.
● Дакъа: Дика Iамал кIезга ма хета.
● Дакъа: Тамашена хьелаш.
●Дакъа: НиIматаш цахаало уьш дIадоьвлча бен.
https://www.tg-me.com/vaynmajlis
Цакхеташ дерг хатта:
@Vaynmajlis_bot
#Синошна_дарба

Хьанал делахь а, эрначу къамеле хьо ладугӀуш велахь, лергана цӀена вац хьо!
Маьждигера дарс: ГӀиллакх
Маьждигера дарс: ГӀиллакх
Имам Нававис ма-аллара: «Муьлхха а суннат Ӏамалах лаьцна хьайна хезча, хьайн дахарехь цкъа мукъна а елахь иза, и Ӏамал йиначеран магӀарехь хьо хилийтархьама».
Forwarded from Imanan marzo
Аллахӏан Элчано(соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла:
Аллахӏа шена дика дан луунчуьнна бахамаш ло, йа и даржехь лекха воккху, йа тоьлла машен ло, йа тӏекӏел хӏусамаш ло, йа иштта кхидӏа а ца эли Пайхамара(соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам). Мелхо а, шена дика дан луунчуьнна Аллахӏа динах кхетар ло.
Дуьненан хӏуманаш, уьш-м Аллахӏа керстанна а ло, Ша ван а вац бохуш, Шеца керстаналла дина волчу керстана а, боьха мушрикана а ло Аллахӏа и дуьненан белхаш. Дуьненан белхаш даларан билгало яц хьуна, хьо Далла дукхавезаш хилар, йа хьан некъана Аллахӏ реза хилар. Хьо Аллахӏана дукхавезаш хилар, хьуна Аллахӏ реза хилар, хьуна реза хила Аллахӏана лиина хилар, хьо декъал ван Аллахӏана лиъна хиларан билгало ю хьуна,мелхо а, ӏилманан некъ ахь лаьцна хилар, цу ӏилманан новкъа хьо валар - и ю хьуна бакъ йолуш йолу, билгала йолуш йолу билгало, Аллахӏа хьо хаьржина хилар!Ткъа и хьан ницкъах дацара, йа хьо чӏогӏа стаг хиларх дацара, мелхо а, Аллахӏа хьо хаьржина хиларх, хьуна дика дан Аллахӏана лиина хиларан билгалонех дара иза.
• Ӏадлан Харачо
(Аллахӏа ӏалаш войла иза!)
«Аллахӏа Шена дика дан луунчуьнна, динах кхетар ло.» [Бухари, Муслим]

Forwarded from ВАЙН МАЖЛИС
"Стаг вист хиларца воьвзу, Сократа ма аллара: Вист хилахь, гойтахь хьо".
#жайнан_могIа
https://www.tg-me.com/vaynmajlis
#жайнан_могIа
https://www.tg-me.com/vaynmajlis
Telegram
ВАЙН МАЖЛИС
Ислам хьан гIап ю, хьайн гIап ларъян Iама!
Вайца зIе: @Vaynmajlis_bot
Вайца зIе: @Vaynmajlis_bot
Audio
17.Синошна дарба.
●Дакъа: Телхина хьекъалш.
●Дакъа: Дахаран амал.
●Дакъа: Хьекъал долучуьнан болх, Iовдал волучуьнан болх.
●Дакъа: Паччахьна уггаре зене нах.
●Дакъа: Стаг маца вайло/атта хета?
●Дакъа: Сонтачу нехан пардонаш/бойнаш.
https://www.tg-me.com/vaynmajlis
Цакхеташ дерг хатта:
@Vaynmajlis_bot
#Синошна_дарба
●Дакъа: Телхина хьекъалш.
●Дакъа: Дахаран амал.
●Дакъа: Хьекъал долучуьнан болх, Iовдал волучуьнан болх.
●Дакъа: Паччахьна уггаре зене нах.
●Дакъа: Стаг маца вайло/атта хета?
●Дакъа: Сонтачу нехан пардонаш/бойнаш.
https://www.tg-me.com/vaynmajlis
Цакхеташ дерг хатта:
@Vaynmajlis_bot
#Синошна_дарба
Цхьана байтанчо ма-аллара: «Стага осала хиларца шен сий бех ца динехь, цо тӀе мел юхуш йолу бедар хаза ю хьуна».
Forwarded from Враги Иблиса
1226-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
КӀанта йоӀе телефон ца тухуш я яз ца еш, йоӀ ган воьдуш, цуьнца накъост йолуш зӀе латтор къилахь дуй?
Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Ган воьдуш вистхуьлуш хилча-м вуьштта телефон тохарал сов ма долу къа, телпо тоьхча-м гуш яц, зӀе латторна къа хуьлу, ткъа вуьштта ган вахча цуьнца къамел дарна а, цуьнга хьажарна а ши къа хуьлу хьуна.
https://www.tg-me.com/Vragi_iblisa

1221-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
ЙоӀаца зӀе латто мегаш дуй, хьарам хӀуманаш ца дуьйцуш, Делан дуьхьа яло дагахь велахь?
Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Мегаш дац, хьарам ду хьо цунна Къуръан Ӏамош велахь а.