Telegram Web Link
2049-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум.  Нускалан кера бер далар мегаш хӏума дуй? Ширк ца хуьлу иза?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
АллахӀа къобал дойла хьан шахӀада!
16.10.2020
Forwarded from Враги Иблиса
​​«Кхана мархин де ду»

151-гӀа Хаттар:
Ассаламу ӏалайкум.
ХӀора оршот, еара деношкахь, я хӀора бутт юккъебахча кхобуш долу кхо марха тӀекхочуш интернет чухула кхана мархин де ду бохуш хаамаш бар муха ду?

Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI!
Цхьа наггахь нисделча хӀумма а дац, амма цунах болх бина хӀора кӀирнах и лелор оьшуш хӀума я суннатехь хӀума дац, Пайхамара а (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам), цуьнан асхьабаша а лелийна хӀума дац, дика дерг цара цхьа а хӀума дитина дац лела ца деш, иштта хаамаш бар суннатехь хиллехь, деза хӀума хиллехь иза а лелийна хир дара. Цхьаволчо ала тарло, церан заманахь иштта хаамаш бан интернет ма яцара аьлла, цунна жоп хир ду, интернет ца хиллехь а, маьждигехь пхьуьйра ламазе баьхкинчаьрга хаам ма балора, кхана мархин де ду шуна аьлла, делахь а, цкъа а лелийна дац цара иза, тӀаккха вай царна тӀаьхьадаьзчхьана довлуш ду, вайгара хӀуманаш лело а ца гӀерташ.
#коьрта_хаттарш
Forwarded from ИСЛАМАНСЕРЛО
Шайх Мукъбил ал-ВадIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Дуьххьара сайна тIехь къоьжа чо гучабаьлча, сайн маж схьа а лаьцна ас элира: ХIай Мукъбил! Ислам динан хIун гIо дина ахь?!» - аьлла.

Наса́ихьу ва́лиди, 28-29.
Йа АллахӀ, тхо хазде Ахь, иманан хазаллица! Йа АллахӀ, нисделла а долуш, кхинаш нисбечарех де Ахь тхо!

[Сунанул-кубра]
Forwarded from Враги Иблиса
1846-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Кочахь жайна лело мегий?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Ца мега, цу чохь яздинарг хӀун ду хууш делахь а, цу чохь яздина дика мел дерг бен дацахь а, цу чохь яздина Къуръанан аяташ бен дацахь а, ца мега иза кочахь лело, хӀунда аьлча, иштта вочух ларван аьлла кочахь хӀума лелор ширк ду аьлла Пайхамара, цу тӀехь яздинарг хӀун ду хууш делахь ширк дац ца аьлла, я цу тӀехь яздина дика хӀума делахь, я аяташ делахь ширк дац ца аьлла, мелхо а, вочух ларван аьлла кочахь мел лелош ерг ширк ду аьлла.

https://www.tg-me.com/Vragi_iblisa
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Стремись обрести жену с благочестием - и обретешь ты истинное благоденствие.
Forwarded from Пайда
Муьлхха дика хӀума кхочуш дар къаьсттина цхьана стагах доьзна дац, мелхо нагахь ахь иза кхочуш ца дахь, кхечо дийра ду иза

{аят}: "Нагахь шу дӀадерзахь Цо (АллахӀа) кхечу нахах хуьйцар ду шу, ткъа уьш шух тера а хира бац"

Цундела хьайга цхьа дика хӀума дар кховдийча сихо е иза кхочуш дан, тӀаьхьа а ма тетта.
Я АллахӀ (дика белхаш кхочуш дарехь) леладе де ахь тхо, хийца ма хийца ахь тхо (кхечаьрца).


Шайх Халид ДжухӀаний
(АллахӀа Ӏалашвойла иза).
Къонахчун некъ - къаьхьа безам бу.
Хьанал сий - даккха атта дац.
Кхета со - хало лан хала ду.
Делахь а, стаг хила веза стаг!

Мохьмад Мамакаев
Forwarded from Враги Иблиса
1545-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Дог чӀагӀделла хилча хӀун дан деза, и дендалийта? Хьалха санна паргӀато яц, дог лозуш хуьлу, доӀа хьалха санна ца дало, доггаха дохко ца валало, цунна дарба ала, хӀун баха деза сан дог дендалийта?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Цунна дарба - Дела дукха хьехор бен дац, къиноша даг тӀе лаьцна мекхалла ю иза, ткъа иза яшош дерг Дела хьехор ду, мичча хенахь, вогӀуш-воьдуш, чохь-арахь, хьайн бага мукъа йолчу хенахь даима Дела хьехаве, деша хаахь Къуръан деша хӀора дийнахь.

https://www.tg-me.com/Vragi_iblisa
Forwarded from Враги Иблиса
1149-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Дина долу гӀийбаташна дохко а ваьлла, кхидӀа цунах ларвала хӀун дича гӀоли хир дара? ДоӀа дан а дуй цунах ларвалархьама деш? Билгалдийр дарий ахь цунах дерг?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Дина долу гӀийбатах даггара дохко а ваьлла, АллахӀе шена гечдар дехна, цул тӀаьхьа ша и гӀийбат дина волу стаг нахана юккъехь дикачу агӀора вийцар.

Ткъа кхидӀа гӀийбатах ларвала кхин хала хӀума а дац, айхьа еш йолу Ӏамал юй айхьа дӀалуш ерг дагадаийтичхьана, къахьоьгуш, дог дагӀахь, ца дагӀахь Ӏамал еш, цунах хуьлуш йолу ял къемат-дийнахь цу айхьа гӀийбат диначунна еш юй, цунна дӀаяла езаш юй дагадаийтар, вуьштта аьлча, гӀийбат хьайна ца везачунна деш ма дай ахь даима, и ма вай ахь вуьйцуш верг вочу агӀора, ткъа муьлха хьекъалца догӀуш хила деза, хьайна ца дезаш долчу адамана хьайн Ӏамалш дӀаялар?! Цундела олуш хилла салафех цхьамма:
«Ша гӀийбат деш хилча, шен дений-нанний дийр дара ша, хӀунда аьлча шен Ӏамал дӀаяла уггар хьакъ дерг и шиъ ду-кх!».

Амма кхин къаьсттина доӀа дац цунна, айхьа хьуо цунах ларвар АллахӀе дехар бен.

https://www.tg-me.com/Vragi_iblisa
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
🎙 lадлан Харачо حفظه الله

Аллахlац накъост лоцуш дина захало. Нускална кампет кхаллор.

Iакъидат - иза ког юхабоккхуш долу хlума дац!


https://www.tg-me.com/zavatulhudur
2025/10/27 15:19:57
Back to Top
HTML Embed Code: