Къинойн бух

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Адамо дечу дукхахдолчу къинойн бух - хьажар тIера хуьлуш бу, хьажаро дага хIума тосу, дагатесначу хIумано ойла йойту, ечу ойлано дегIан лаам меттахбоккху, дегIан лаамо и хIума дан лоуьйту, иза лаар чIагI а лой, иза дан ойла соцу, тIаккха цо и хIума ца дан йиш а яц, нагахь цхьаъ дуьхьалдаьлла ца висахь! Кху хьокъехь аьлла-кх: «(Хьарам диначе ца хьежош) бIаьрг ларбеш, собаре хилар аттох ма ду, и лар ца биначул тIаьхьа хуьлуш долчу лазарна собаре хиларал а»».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 217]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Валар гlоли ду 

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Шен хан гIопал хиларций, дегIан лаамций, эрначу сатийсамашций йойуш, уггар дика яхана хан наб еш а, хIумма а ца деш яхнарг хеташ лелачунна валар гIоли ма ду, дуьненчохь вехачул а».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 222]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Дош ала дагадеъча

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Цхьа дош ала шена дагадеъча, хьажа веза, цу дашехь шена пайда бу я бац, нагахь цуьнгахь шена пайда бацахь, саца веза, ала а ца олуш, нагахь цуьнгахь шена пайда бу аьлла хетахь, юха а хьожур ву, цул а сов пайде долу дош дуьсур дуй те шен и олуш аьлла».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 225]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Мотт ларбар дазло-кх!
 
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Тамашина ду-кх, адамна хьарам ерг яарх а, зуламах а, зинах а, хIума лачкъорах а, корта бахориг маларх а, хьарам долчуьнга хьажарх а, иштта уьш доцучех а лардала атта хета. Амма мотт ларбар дазло цунна. Динца ву, дуьне дIатесна ву, Iибадатна чувоьлла ву аьлла наха шен цIе йоккхург а караво-кх хьуна АллахI оьгIазавохуьйту дешнаш олуш, ша олучуьнан цхьа а терго ца еш, цу ша аьллачу цхьана дашца малхбаленан а, малхбузенан а юкъал гена охьа а вуссуш (шен даржехь)».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 226-227]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Мотт ларбе!

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Масане го хьуна боьхачух а, зуламах а ларлуш, амма ша дуьйцучуьнан терго ца еш, шен мотт дийначеран а, беллачеран а сий тIе кхийдаш болуш! Цунах дерг хьайна довза лаахь, Муслима шен сахьихь жайнахь (2621) Жундуб ибн IабдуллахIера дийцинчу хьадисе хьажа. Цо аьлла, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла: «Цхьана стага элира: «ВаллахIи, хьенехана АллахIа гечдийр ма дац!». Сийлахь-Тоьлла волчу АллахIа тIаккха элира: «Ас хьенехана гечдийр дац бохуш дуйнаш дуург мила ву?! Цунна геч ма ди Ас, хьан ерриге Iамал йоха а ма йи Ас!»».
Ехха хан чохь АллахIана Iибадат дина волу кху ленан ерриге Iамал йохий-кх цхьана дашо!».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 227]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Уггар зене меже  

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Меттахъяккха уггар атта меже мотт бу, амма лена уггар зене ерг ю иза!».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 230]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Мел олург дlаяздеш ду

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Салафаша а, халафаша а къевсина, дIаяздеш дерг лено мел аьлларг ду я дика-вон бен дац аьлла, нийсох дерг - лено мел олуш дерг дIаяздеш хилар ду».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 230]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Дош

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Дош - хьан лай ду, амма хьан багара иза арадаьлча хьо ву цуьнан лай».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 231]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Зина лелоро дохьу бохамаш

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Зина лелоро дохьучу бохамех ду: къоьлла, дуьненчохь хан яцъяр, юьхь тIера нур дIадаккхар, нехан цабезам хилар».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 232]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
АллахIана генаваккхар, шайтIанна гергавигар

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Зина лелоро дохьучу бохамех ду: дог дIайсакхиссар, иза цомгуш дар, нагахь ден ца дуьш дитахь, гIайгIа а, бала а, кхерам а латтар, и лелийнарг АллахIана генаваккхар, шайтIанна гергавигар».

[Ад-да‌у вад-дава‌у, агIо: 232]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Стаг верал тIаьхьа зина лелорал боккха бохам бан а бац!

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Стаг верал тIаьхьа зина лелорал боккха бохам бан а бац! Цундела тIедиллина бусалба дино и лелийнарг уггар ирчачу, боьхачу, къизачу кепара вер! Стага аттох ловр ма дара шен хIусамнана я шен гергара зуда йийна аьлла хезча, цо зина лелийна аьлла хезачул а!».

[Ад-да‌у вад-дава‌у, агIо: 233]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Керста нехан дезденош дазор

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Керстанахана бакъо лур яц, шайн дезденош даздайта, ткъа бусалба нахана а мегар дац и дезденош даздарехь царна тӀе товжа а, я дазош царна гӀо дан а, я церца уьш дазо а, хӀара иштта хилара-м Ӏилман охӀла болчу массо Ӏеламнехан барт хилла ду хьуна, диэ мазхӀаберчу фикъхӀ Ӏеламнаха иза къеггина иштта дийцина а ду хьуна шайн жайнашкахь».

[Ахька‌му ахIлиз-зиммахI, агIо: 3/1245]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from lадлан Харачо
Аллахl стиглахь ву - Имам Абу Хьанифат

Аллахl стиглахь ву - Имам Малик

Аллахl стиглахь ву - Имам ШафиӀий

Аллахl стиглахь ву
- Имам Ахьмад

Аллахl стиглахь ву - Имам ӀабдуллахӀ ибн Мубарак

Аллахl стиглахь ву
- Имам ибн Аби ШайбахӀ

Аллахl стиглахь ву
- Имам Сабуний

Аллахl стиглахь ву
- Имам Музаний

Аллахl стиглахь ву
- Имам ТӀабарий

Аллахl стиглахь ву -
Имам Ӏимадуд-дин ВаситӀый

Аллахl стиглахь ву -
Имам Хьарб ибн ИсмаӀил Кирманий

Аллахl стиглахь ву -
Даххьак ибн Музахьим

Аллахl стиглахь ву -
Имам Исхьакъ ибн ИбрахӀим

Аллахl стиглахь ву -
Имам Хьумайдий

Аллахl стиглахь ву
- Имам Абу Ӏусма‌н Са‌буни

Аллахl стиглахь ву -
Имам Абу СаӀи‌д Да‌рими

Аллахl стиглахь ву -
Имам Ӏабдул-ГӀаний Макъдиси

Аллахl стиглахь ву -
Имам ЗахӀаби
Кхаа беттан марханаш кхабар

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Пайхамара тIаьхьий-хьалхий кхо бутт ца кхаьбна-кх (ражаб, шаIба‌‌н, рамада‌н), цхьаболчу наха уьш кхобуш ма-хиллара. Я ражаб бутт а ца кхаьбна Цо цкъа а, я иза кхабар дика ду а ца аьлла Цо».

[За‌дул-маIа‌д, агIо: 2/61]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Мохкбегор

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Къинош ду латта такхарна а, мохк бегорна а бахьана».

[Ал-жава́бул-ка́фий, агӀо: 65]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Ӏехош ву хьуна хьо

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Цхьаболу салафаша аьлла: «Хьо хьайн Ӏасалла тӀехь волуш АллахӀа Шен ниӀматаш (рицкъ, я кхидолу дика дерг) хьайна луш делахь, ларлолахь, Ӏехош ву хьуна хьо!»».

[Ад-да‌у вад-дава‌у, агӀо: 54]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Ӏасаллин вон тӀаьхьало

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

Цхьаболу салафаша олуш хилла: «Со АллахӀан Ӏеса хилча, цу Ӏасаллин (вон) тӀаьхьало (цунна бекхам) сайн хьайбанехь а, сайн хӀусамненехь а карайо суна».

[Ад-да‌у вад-дава‌у, агӀо: 85]

-Лелош долу хьайба цхьана хӀуманна тӀехь дуьхьалдалар, я машен нис ца луш дуьхьалъялар, я хӀусамнана хьоьца вон хилар - ахь диначу къинна бекхаман ду боху маьӀна ду.
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
ТӀе ца лоцуш, вухакхетаран керстаналла

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«ТӀе ца лоцуш, вухакхетаран керстаналла шина кепара ду:

1- Цхьа хӀума къастийна а доцуш, массо хlуманца керстаналла дар.
2- Къаьсттина цхьана хӀуманца керстаналла дар.
Ткъа къаьсттина цхьана хIуманца а доцуш, массо хIуманца керстаналла дар - АллахӀа даийтинарг дерриге а къобал цадар ду, Цо ваийтина Элча а.

Амма къаьсттина цхьана хӀуманца керстаналла дар - Ислам-динан фарзех цхьа фарз къобал цадар, я динехь хьарам долчух цхьа хӀума хьарам хилар къобал цадар, я АллахӀа Шена хӀоттийна цхьа куц къобал цадар, я АллахӀа дина цхьа къамел къобал цадар ду, и дерриге а, лаамна лелош хуьйла цо я шена бӀоставаьллачунна тIехь толам баккха лелош хуьйла, муьлхха а Ӏалашонца делахь а.

Амма цо тIе ца лацар жехIлалла (Iилма цахилар, цахаар) бахьана долуш я таъвил дар (маьIна харц агIора тидар) бахьана долуш хиллехь, ишттачу хьолехь цунна бехказло лур ю, и къобал ца динарг керста лорур вац».

[Мада‌рижус-са‌лики‌н, агIо: 1/347-348]

➡️Ислам-динах цхьа хIума къобал цадар, я АллахIан куьцех цхьа куц къобал цадар шеко а йоцуш керстаналла ду, ткъа цу тайпа хIума шегара цахаар бахьана долуш доьжнехь я таъвил дар бахьана долуш доьжнехь, иза керста лорур вац боху Ибн Къаййима. Цунах вайна билгалдолу Цо бехказло луш хилар цахаарца, я таъвилаца шегара керстаналла даьллачунна.
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
2025/06/27 15:11:31
Back to Top
HTML Embed Code: