Шайх Халид ЖухӀанис (АллахӀа Ӏалашвойла иза) боху:
«Бозбуунчо бохучух тешаш верг ялсамане гӀур вац! Абу Мусас (АллахӀ реза хуьйла цунна) дийцина, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) элира аьлла: «Кхоъ ву ялсамане гӀур воцуш: къаьркъа муьйлуш верг, гергарлонаш хедош верг, бозбуунчо бохучух тешаш верг». [Хьасан ли гӀайрихӀи: Муснад Ахьмад: 19569]
Абу СаӀид Худрийс а (АллахӀ реза хуьйла цунна) дийцина, АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) элира аьлла: «Пхи хӀума шегахь дерг ялсамане гӀур вац: къаьркъа муьйлуш верг, бозбуунчо бохучух тешаш верг, гергарлонаш хедош верг, хиндерг хаьа бохуш верг, ша елларг тӀехъетташ верг». [Хьасан ли гӀайрихӀи: Муснад Ахьмад: 11107]».
[ХӀидайатур-рашидахӀ, агӀо: 69-70]
✈️ Ӏадлан Харачо

Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Шайх Халид ЖухӀанис (АллахӀа Ӏалашвойла иза) боху:
«Паччахьна тӀехь ду, шегара керстаналла билгалдаьлла волу бозбуунчахо вер, хӀунда аьлча воккха волчу АллахӀаца керстаналла дар иза долун дела».
Ӏамр ибн Динара дийцина, Бажалата олуш хезира шена аьлла: «Ӏумара (АллахӀ реза хуьйла цунна) кехат яздира, бозбуунчалла лелош волу массо стаг-зуда де аьлла. ТӀаккха оха кхо бозбуунчахо вийра!».
[Мусаннаф ибн Аби ШайбахӀ: 28982]»
[ХӀидайатур-рашидахӀ, агӀо: 70]

«Вайна юккъехь даьржина долчу бозбуунчаллех ду: стагана зуда езаялийта, я цунах безам баккха лелош дерг, иштта зудчунна стаг везавалийта, я цунах безам баккха лелош дерг».
[ХӀидайатур-рашидахӀ, агӀо: 71]

Шайх Халид ЖухӀанис (АллахI Iалашвойла иза) боху:
«АллахӀ воцуш кхечу хӀуманан ницкъ бу зен дан я пайда бан аьлла тешаш цхьаъ велахь, иза доккха ширк ду, бӀаьрг ца хилийта муьлхха хӀума лелош верг санна, я кочахь жайна, я тӀулго пайда бо аьлла хеташ, я дитто, я уьш санна йолчара пайда бо, я зен юхатуху шайн ницкъаца аьлла тешар.
Ткъа АллахӀ воцуш кхийолу хӀума бахьана ду пайда барехь я зен юхатохарехь аьлла тешаш цхьаъ велахь, иза жима ширк ду, бӀаьрг ца хилийта муьлхха хӀума лелош верг санна, я кочахь жайна, я тӀулг, я дитт, я уьш санна ерш бахьана ду пайда бан я зен юхатоха аьлла тешар».
[ХӀидайатур-рашидахӀ, агӀо: 86]

Маликашлахь уггаре деза дерш кхоъ ду, уьш: Жибрил, Микаил, Исрафил (ӀалайхӀимуссалам) ду, хӀунда аьлча, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) тахӀажжуд ламазехь ша доӀа деш къастийна хьахийнера уьш... Ткъа царах дезох дерг Жибрил ду (ӀалайхӀис-салам), хӀунда аьлча АллахӀа дуккха меттигашкахь къастийна хьахийна иза».
[ХӀидайатур-рашидахӀ, агӀо: 100]