Telegram Web Link
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
​​​​Iийд дале марханаш къобал дан мегар дуй бохуш хаттар лела нахан юкъахь, цуьнан жоп: Ца мага хIумма дац, мегар ду, цхьа болчу Ӏеламнаха Ӏийд дӀадаьлча деш лелийча воле хир дара бохахь а, хӀунда аьлча, марханаш къобал дан хан билгал йоккхуш деъна хIумма дац суннатехь, хIокху хена дан деза, я кху хена мегар дац аьлла, я цуьнан къесттина цхьа дешнаш а дац суннатехь, муьлхха кепара шен нахан юкъахь лелачу дешнашца марх къобал дичхьана, вовше декъал дичхьана долуш ду, цхьа верг и дешнаш Iарьбийн маттахь ала гIерташ къахьоьгуш хуьлу, иштта алар суннат долуш санна.

Иштта цу марх къобал даран билгал яккхина хан яцахь а, марханаш чекх девлачу сарахь иза мегш делахь а, хьалхе дуьйна вайна юкъахь лелаш йолу цу хIуман хазалла дIайолу-кх, масала: дуьххьар марх къобал ша дира, я хьенех дуьххьар веар олуш хIума ду-кх вайна юкъахь лелаш, и дуьххьар вара Iуьйра ламаз хан хиллачуьл тIаьхьа а лоруш, ткъа вай тIаьххьар марх дIама деллина маьркIаж хена марханаш къобал дан хIиттича и дуьххьар къобал динарг муха лара веза? Я вуьшта аьлча, цхьа къахьегам боцуш нис вала ма тарлой тIаккха-м хIора а дуьххьар. Я кхин а, и хьалха валар цхьан низмехь нис а ца дало, хIунда аьлча, марха кхана достуш ду, я дац боху хаттар ма дужий 29-гIа марх чекх ма деллина, тIаккха цхьа волчуьнна хьалхе билгал долу цуьнах дерг, кхи волчуьнна тIаьхьа билгла долу, юха а, цхьа къахьегам боцуш хьалха валар нис ло, ткъа хIиццалца ма хиллара Iуьйра ламаз динчу хенара вай иза лоруш хилча, тIаккха леррина цу хена сама ваьлла, я цу хена ара ваьлла, и хан ларина вала везаш хуьлу хьалха волург, цундела, и хIума вай хIиццалц ма лела дарра дIалелийча хазо нисло-кх, хIара хIума иштта дожар а, телефонаш хилар ду, уьш яцахьара-м ша-шах дIа гIур дар иза хьалха санна, хIунда аьлча, маьркIаж хена ара а вуьйлуш марха къобал деша-м цхьа а ма ца лели.

Ткъа и вай дуьйцарг дерриге иштта хаза хиларни, хьалха вайна юкъахь иштта лелаш хиларни тIе доьгIна бохуш ду, вуьшта динца ца мега баха хIума дац.
✈️Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
ХӀоразза а, мархийн а, гӀурбанан а Ӏийданехь, Ӏийд-ламаз дӀа ма-деллина Шайхо берриге мутаӀеламаш ша волче чукхойкхий, мерза хӀума кхоллуш, хӀоранга а шаьш болчехь Ӏийд муха даздо дуьйцуьйтуш хан йоккхий, тӀаккха массарна совгӀаташ деш дӀайсакъаьстара... Хаза хенаш, дицлур доцу денош!

Мисрера «Маншиату Ӏаббас» олу юьртахь, 2015-гӀа шо.

Youtube чуьра ссылка
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
О приверженцы ислама!

Youtube чуьра ссылка
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Дуьненаюкъара бусалба Ӏеламнехан цхьаьнакхетараллин фатва, Палестинерчу хьолах! 👆

https://iumsonline.org/ar/ContentDetails.aspx?ID=38808

Деша, шайх google гочдайтий!
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
2025/07/07 09:17:20
Back to Top
HTML Embed Code: