Ша lодар кхоьссина пха санна иккхана йоьдуш ю-кх хlара хан...
Деш хlумма доцуш хьоьжуш lаш волчунна къаж елла меш тlе кхетар бен кхин цхьа хийцам ца хуьлу.
Аллахlан тlе болх биллина бахьанш лелош волчуьнга цхьацца кхиамаш дало.
Деш хlумма доцуш хьоьжуш lаш волчунна къаж елла меш тlе кхетар бен кхин цхьа хийцам ца хуьлу.
Аллахlан тlе болх биллина бахьанш лелош волчуьнга цхьацца кхиамаш дало.
Кегийрахой шайн жималлехь пайдан доьхьа гергарло лоьхуш хуьлу, югlа баккхий мел хуьлу доггаха долу доттагlалла леха хуьтту уьш...
Хlунда аьлча доггаха волу доттагl, иза дахаран хазалла ю иза, халонехь гlортор ю иза, вуьшта кхин хlумма дацахь а ша борза ю-кх иза!
Хlунда аьлча доггаха волу доттагl, иза дахаран хазалла ю иза, халонехь гlортор ю иза, вуьшта кхин хlумма дацахь а ша борза ю-кх иза!
Цхьана муьлхха адамийн хьокъехь хlуманаш дlа дехкана, югlа уьш сих-сиха дага оьхийтуш lачул, цуллий уьш дицдан хьаьжча, царна терго ца ян хьо хьожуш ахь къахьоьгуш хенахь хьо гlопул хилар, я хьо оцу адаман доьхьа воллуш хилар дац иза, делахь хьан дог бех ца далийта, цамгаршца талха ца талхийта хьажар ду иза!
Вайгахь долу дог эцна каш чу дагlа дезаш ду вай, и дог эцна lаламийн Дална дуьхьал хитта дезаш ду вай! Тlаккха хьовсийла вай хlу дог эцна доьлхуш ду вай цига?!
Вайгахь долу дог эцна каш чу дагlа дезаш ду вай, и дог эцна lаламийн Дална дуьхьал хитта дезаш ду вай! Тlаккха хьовсийла вай хlу дог эцна доьлхуш ду вай цига?!
Хьан дегlан бехказлонаш яла ца марза луш, цуллий цуьнгара бехкаш даха lама, тlаккха хьайн дахарехь дуккху хийцамаш карор ду хьуна, Дала мукъалахь.
Жималлийн юххьехь дукха къамел дан дог догlу, делахь хан-заманца воккха мел хуьлу алсам ладогlа лаьа юкъа-кара гlийла чайн къурд беш.
Гlалат ца волуш верг хlумма ца деш верг ву! Тlкъа и тайпа адаман дукха хьолехь бага дика екаш хуьлу!
Гlиллакх хьуна уггаре чlогlа хира ду аьлла хеташ йолу меттехь ца карйича ма новкъа догlу-кх, хьуна иза хира дац аьлла хетачехь гича ма тамашена хета-кх!
Кхечунна lиндагl буха ваьлла гlара вала лууш волчунах, кхечунна кисан ваьлла хьолада хила лууш волчунах, кхечунна даржанца чlогlа хила лууш волчунах, цец волу со!
Сийлахь волчу АллахIа ойла ян хьекъал, кхьахьега могшалла, кхиамаш дан дахар ма деллера хьуна, делахь лахардерг харжар тlехь реза хили-кх хьо!
Сийлахь волчу АллахIа ойла ян хьекъал, кхьахьега могшалла, кхиамаш дан дахар ма деллера хьуна, делахь лахардерг харжар тlехь реза хили-кх хьо!
Сийлахь волчу Аллахlа Шен тергонах ма дохийла вай бlаьрган негlар тухучу хенан юкъана а.
И ду-кх вайна кху дахарехь уггаре чlогlа оьушрг!
Хьайн дахарехь яккхий халонаш го бича, баккхий кхерамаш тlе беъча хаьа-кх хьуна хьо мел чlогlа хьаште ву хьайн Деле!
И ду-кх вайна кху дахарехь уггаре чlогlа оьушрг!
Хьайн дахарехь яккхий халонаш го бича, баккхий кхерамаш тlе беъча хаьа-кх хьуна хьо мел чlогlа хьаште ву хьайн Деле!
Ахь ара баьккхина болчу некъан тlехь хьайллаъ хьалха дlа багlанчаьргар зедаларш (опытш) хьуна схьа эца ца лаахь, хьайна лазаме гlалаташ lемар ву хьо вехха, югlа эхарехь тlаьхьа схьа догlуш долу хьекъал хира ду хьоьгахь! Делахь тlаьхьа схьа догlуш долу хьекъал хастаме-м ца лору.
Адамо ша шен деш долчу зулмах ду: лело хьакъ долчуьнца доттагlалла ца лелор, лело ца дезаш долчуьнца доттагlалла лелор.
