Telegram Web Link
Айхьа ладугӀуш долу дарс я хьехам, деккъа ла а доьгӀна, билгало йиллархьама я цхьаьнца ладугӀуш къовсалуш хьалхе яккхархьама ма догӀа. Ахь догӀа цу хӀора дарсе, хьехаме ла, хьайн лергана мел хезаш дерг хьайна тӀехь дӀахӀотто Ӏалашонца, хьуо хийца, хьайн дахар нисдан Ӏалашонца догӀа ахь.
Ойла йойла... Тахана муьлха аьтто боцуш ду-те вай нохчийн мотт бовза, бийца, хьеха?
Forwarded from Шайх Iусаймин
Мехала хан...

🎙 Шайх Iусайми́на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

📄 «ВаллахӀи, цхьа минот эзар дирхӀамал а мехала ма ю!».
 
📚 [Хьехам: Ихьфаз вакътак]
🚀 Шайх ӏусаймин
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Лаккхара ойланан стоьмаш |

Шайх ӏабдуллахӏ аш-Шанкъитӏи
)
Хьан Ӏалашо, хьан ойла лаккхара хилча, мел жима долу а иэхье дерг хьайх хьакхадалийтарх ларло хьо, ахь дӀо генна дӀа ойла йо, хӀара соьгара дала йиш яц, хӀара Ӏалашо йолуш волу соьгахь кху тайпа дерг товш дац я ас леладо хӀума а дац хӀара олуш ларло хьо.
Амма шен цхьа а Ӏалашо йоцуш верг кхета ца ло хьох, цунна ахь лелош дерг Ӏовдал хӀума хета, тӀех хӀуманаш а хета.
Хетарг: цхьа Ӏалашо адамо лаьцнехь, хуьлийла и муьлхха а дика шегахь долу Ӏалашо, цу Ӏалашонна тӀедоьлху некъаш цо бен доцуш, и Ӏалашо кхочушйичхьана бохуш лелийча, цуьнан цхьа а сий ца хуьлу, хӀунда аьлча кхо мел лакхе яьккхинехь а, кхо дина хилла некъаш наха диц ца до, кхо лар ца динарг, кхо лелийнарг дуьсу. Амма лаккхара Ӏалашо а йолуш, цу тӀе доьлху некъаш а цӀенна, сийлахь долуш, тӀаккха цу некъашца цу Ӏалашоне адам кхаьчча, тӀаккха хуьлу и нахана гергахь а лераме а, сийлахь а. Я цхьаверг ца кхача а мега цу шен Ӏалашоне, амма бина болу некъ бу-кх коьрта, коьрта дерг кхо цу тӀе кхача лелийнарг ду-кх.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Зуда ялийнарг хӀорд-кеманна тӀехиънарг санна ву | ӏиса

https://www.tg-me.com/khiame_hord_kema
Ӏакъидато деш ду хьох адам. Хьан Ӏакъидате хьаьжжина адам хуьлуш ду хьох кху дуьненчохь. Мухха кепара хьан некъ белахь а, цу хьан Ӏакъидате хьаьжжина хуьлуш бу хьан некъ кху дуьненчохь. Хуьлийла хьан иза нахаца лелош йолу шалхонаш, ямартлонаш, лачкъор, ядор, яккхар, харцдерг дийцар, эвхьаза дерг дийцар, иштта кхидӀа а массо а хӀуман тӀехь а. Муьлхха а адам шен Ӏакъидате хьаьжжина хуьлуш ду. Бес-бесара Ӏакъидаташ евзуш верг, стаг муьлхачу Ӏакъидатера ву ма хиънехь кхетар ву цу стагаца ша хӀун лардан деза, цу стагера хӀун дала тарло а - иштта хӀума ю и Ӏакъидат. Цу кепара коьрта хӀума ю и Ӏакъидат.

[Ӏакъидат-дарс: 1]
ГӀаззера бахархой леш бу, сийлалла денъярхьама! Амма, маса адамо юхку сийлалла, сийсазалла денъярхьама?.. Царна хаьа синан мах, амма сийн мах ца хаьа.

Шайх Ӏабдул-Ӏазиз ат-Тlарифий
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Со хьан ву, хьо сан ю баьхначу
Хьайн кlентийн цlарца,
Царна дог лезначу мискачу нанойх а кхетий,
Йахалахь, Нохчийчоь, елалой
Къонахийн ларца,
Хьо езаш бехачу кӀенташна маьрша некъ хеций.

Матагов И.
Forwarded from Muvahhidun
Дуьненан цхьацца бахьанаш ца хиллехь, ма хьуо буьту мохк бацар хьо, сан Нохчийчоь..
2025/10/28 14:23:51
Back to Top
HTML Embed Code: