Telegram Web Link
Хаттар: Ӏилма Ӏамочо, телефоно дукха хан йойу аьлла, дӀаяьккхича, тӀаккха хьехаме ладогӀа йиш хир яц, кхидолу пайде хӀуманаш а дан ма лора соьга телефон хилча бохуш, ойланаш дагаяхкар шайтӀанера дуй?

Жоп: ШайтӀанера ойланаш ю шеко йоцуш, шайтӀано хьоьга эр дац Ӏеса лела езаш ма ю хьуна телпо, оццул Ӏовдал дац иза, цо мелхо хьоьга ахь беш болу пайда, хьуна хуьлуш болу пайда бохуш хьоьгахь телпо сецор ю, и хьоьгахь йисича кхидӀа хьо муха Ӏехо веза цунна хаа ма хаьий! Шена тӀехь дола ца далуш волчунна телпо оьшуш яц, хьайна цунах хуьлуш болчу пайданал дукха зен хуьлуш делахь, тӀаккха муххале а дӀаяккха еза, цкъа дешарехь цхьана агӀоне кхаччалц мукъане а дӀаяьккхича дохковер вац цхьа хан яьлча, дохко дӀа ца яккхарна вер ву.

Жоп делларг: https://www.tg-me.com/Vragi_iblisa
Белларш а дийна бу - диснехь
ТӀаьхьешна пайдехь дерг царех.
Ткъа, кхинберш, шайн дуьхьа баьхнехь,
Беххашехь - бу беллачарех!
Ӏилма кхоош верг даьхни кхоош волчул а писа ву хьуна. ХӀунда аьлча даьхни кхоош верг и даьхни шен керара дӀадаларх кхерра. Амма Ӏилма кхоош волчо мел чӀогӀа цуьнца харж йича а, чекх ца долуш дерг кхоийна. Ӏилма ахь мел дӀахьехарх, мел даржорах чекхдолуш ма дац. Хьоьгара дӀахедаш дац иза. Мелхо а, ахь дӀа мел хьоьху а, хьоьгахь кхуьуш, совдолуш ду иза. Цундела Ӏилма кхоош верг даьхни кхоош волчул а писа ву хьуна.

Синошна дарба
Forwarded from lадлан Харачо
Палестине новкъа яьлла флот тахана ӏуьйран дӏакхача езаш ю, доӏанаш де, Палестинан дикачу кхааца дӏакхачийта али!
🚀Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Толам динах юхаваларца хуьлуш бац. Маршо дин кӀелдитарца йоккхуш яц. Маршо бакъонаш ларъярца йоккхуш ю, толам хьаккъаш лардарца хуьлуш бу. Ткъа уггаре хьалха бусалба наха лардан дезаш дерг - иза АллахӀан хьакъ ду. Цундела керста нахаца барт беш волчу цхьана а стагана мегар дац АллахӀан хьакъ кӀел а дуьтуш, дин хьеша а хьоьшуш барт бан. АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) вайна гайтина масал ду иза.

[Хьехам: Зуламе тептар]
Ма доккха хӀума а ду, таханлера цхьаболу бусалба нахал а гӀолехь хилла-кх цу заманахь болу керста нах, шайн доьналлица а, йохьаца а, гай боху пайда боцу пхьегӀина тӀехь сатохарца а!
Къонах волчу стагана цадеза гӀело еш адам гар. И адам бусалба делахь а, керста делахь а мацдеш, хьагдеш, Ӏазап деш, гӀело еш, охьатаӀийна адам гар ца деза цунна, цуьнан даге лан ца ло иза, цуьнан даго къобал ца до иза.

[Хьехам: Зуламе тептар]
АллахӀа баланашца, зерца муъмин нехан магӀарш цӀандо. АллахӀан некъа тӀехь латта уьш Ӏамабо. Уьш къинойх цӀанбо.
sʜɪsʜᴀɴ
ИСЛАМАН ТАРИХ – 19 - Зуламе тептар
Иштта цу баланаша, цу халонаша кхиийна ду асхьабийн чкъор. Цу баланех, халонех чекхбийлина къонахий уьш хиларе терра, цул тӀаьхьа муьлхха а хало шайна тӀенисъелча а гӀел ца луш, мал ца луш, къар ца луш къонахий хилла уьш! Иштта долчу баланех, халонех чекхбийлина къонахий уьш хиларе терра, цу кепара долчу баланашца АллахӀа уьш кхиийна къонахий хиларе терра, цул тӀаьхьа персойн мохк хӀаллакбина цара, румхойн мохк хӀаллакбина цара! Толам боккхур долу чкъор иштта долчу баланех чекхдийлина долу чкъор ду! Толам боккхур болу къонахий АллахӀа и санна долчу баланашца Ӏамийна, и санна долчу баланашца кхиийна, и санна долчу баланашца церан магӀарш цӀандина, и санна долчу баланашца церан догӀмаш къинойх цӀандина болу къонахий бу!
2025/10/25 10:46:27
Back to Top
HTML Embed Code: