Telegram Web Link
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
НА ЧЬИХ ПЛЕЧАХ ДЕРЖИТСЯ УММА? | ШЕЙХ АХМАД АС-САЙИД
Цкъаллиг-цкъа толам хуьлуш бац зерал тӀаьхьа бен! ЧӀогӀа долу зер тӀехдаьлча а бен толам хуьлуш бац!
Толаман юьхьиг, цуьнан хьалхара йолу билгало, паргӀатонан, маршонан хьалхара йолу билгало - хало ю.
Рузбанан хьехам...
Цкъа хьайна бахьана лехна, мало а йина хьо юхаваьлча, шолгӀачу дийнахь а иштта кхин бахьана карадо хьуна дан леринарг ца дан, мало кхин а чӀагӀло хьан, хӀинца йиш яц сан, хӀара а ду, важа а ду бохуш хьайна йоцу бехказлонаш лоьхуш дӀатоьтту ахь, иштта хийла вайн дан дезарг дуьсу, беттанаш, шераш дӀаоьху вай и кхин ца деш.

Цундела и дог цадар, и мало хьайна дуьххьара тӀе ма гӀоьртинехь эшош дӀаваха везаш ву хьо, хьо иштта ца водахь цара охьатаӀор ву хьо, тӀаьххьаре а айхьа деш хилла долу кхидолу диканаш а цхьаьна хьоьга охьатосуьйтуш, фарзана тӀехь а хьоьга мало йойтуш.
Гиний шуна, мел кӀадвеллехь а, мел тӀегӀоьртина наб елахь а, "чай ца молуш-м ца вуьжу хьуна со", "хӀума ца юуш-м ца вуьжу хьуна со" бохуш, и наб а, и кӀадвалар а эшадой, цу шиннал дукха шена и дезарна дан ма дой цо и, мала ма молий цо и чай, иштта хьайн набарал а, хьайн кхийолу ерриг марзонал а чӀогӀа дезийта хьайна айхьа схьалаьцна долу муьлхха а дика, хуьлийла и Къуръан дагахь Ӏамор, я дешар, я мотт Ӏамор, иштта кхидӀа царах тера мел дерг.
Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ахь Iамал яре хьаьжжина хьуна бекхам а хир бу хьуна. Хьайн луучу кепара хила хьо (кхерам тосуш аьлла дешнаш ду уьш), баккъалла а, АллахI хьоьца хьо Цуьнций, Цуьнан лайшций ма-хиллара хир ву хьуна».

[Ал-Вабил ас-Саййиб]
Шейх аль-Фаузан (حَفِظَهُ الله) сказал: «Социальная сеть является для вас удобным случаем (для блага), так воспользуйтесь же ею, и не оставляйте это для людей зла и призывающих к заблуждению».

الفوزان: وسائل التواصل الإجتماعي فرصة لكم تنتهزونها ولا تتركوها للأشرار ودعاة الضلال


🔊 Сл. «Ахаммийятуль-‘акъида ас-сахиха» © www.tg-me.com/fawzan_ru © www.tg-me.com/ulama
Сийлахь-Везачу АллахӀа боху:
«Боккъалла а, керстаналла диначара АллахӀан новкъах (АллахӀан динах) нах юхабаха дуккха а шайн даьхнеш ма духку, (АллахӀан новкъах нах юхабаха дуккха а яккхий харжаш йо цара)».

Бакъонний, харцонний юккъера тӀом къемат-де кхаччалц лаьттар болуш бу. Хьо цу харцонна букъ тоьхна дӀавахча а, и харцо тергал ца еш хьо Ӏийча а, и (харцо) хьуна тӀаьхьара ер йолуш яц, хьо бакъон тӀехь лаьтташ мел ву!

Сийлахь-Везачу АллахӀа боху:
«И мушрик нах, (керста нах) шуьца тӀом бечара совцур ма бац, шу шайн динах цара юхадаххалц, нагахь шайн ницкъ кхачахь».
Шайн ницкъ кхочуш керста нах бусалба нах Ислам-дин тӀехь мел бу цаьрца тӀом бечара совцур болуш бац. Ткъа цу тӀеман суьрташ бес-бесара ду: таррашца беш тӀом бу, кхетамашца беш тӀом бу, гӀиллакхашца беш тӀом бу, даьхнешца беш тӀом бу. И тӀемаш бес-бесара делахь а, цкъаллиг-цкъа соцуш бац и тӀом. Цхьайолчу хенахь керста наха вайца герзаца тӀом бан тарло, цхьайолчу хенахь вайн ойланашца тӀом бан тарло цара, цхьайолчу хенахь вайн даьхнешца тӀом бан тарло цара. Амма церан тӀом цкъаллиг-цкъа соцур болуш бац вай Ислам-дин тӀехь мел ду.

[Хьехам: ШозлагӀа хӀижрат]
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Послушайте о молодёжь Ислама!
Forwarded from БАКЪДЕРГ
уггаре а кхераме зуда


www.tg-me.com/baqderg
МустӀафа Махьмуда аьлла:

«Къонахчо хӀуъа а до, цуьнга хӀуъа а дало, делахь а, и къонах веш ерг зуда ю, и къонахий кхиош ерг зуда ю, зуда йоцург цхьа а вац!».
Цхьана байтанчо зударийн хьокъехь аьлла:

«Хийла къонахий кӀелбитина болу болх чекхбаьккхи аша, хийла къонахашка ца даделларг ди аша, тӀаккха беркаташкахь а, диканашкахь а совдевлли шу!».
Зударий - ах уммат ду. Цул сов доллу уммат ду и.
2025/10/24 20:00:48
Back to Top
HTML Embed Code: